«Газпром межрегионгаз» компанис йовзийтина ГаланчӀожан кӀошта газ йигаран схема.
Проектаца а нийса догӀуш, меттахӀоттош йолчу оцу кӀошта газ СемаӀашкарчу ГРС тӀера дӀайига лерина, биргӀанаш меттигерчу 7 юьрта а кхачош: ГаланчӀожа; Ялхара; Хьайбаха; Аьккхичу; ЧӀармаха; ЦӀеча-Аьхка; Мержа.
И болх 4 шо даьлча чекхбаккха дагахь ю «Газпром», вуьшта аьлча, 2025-чу шарахь.
Схема gazprommap.ru платформи тӀехь йовза таро ю.
№44, асаран (июнь) беттан 12-гIа де
Оцу цleйаькхинчу йарташал йокха меттиг ма яр Пиеша, цига хlyнда ца йуьга бирха?