Соьлжа-ГӀала лелаш долу кеманаш цӀиндаран болх дӀаболийна

Нохчийчоьнан «хӀаваан кевнашка» лелаш долу кеманаш цӀиндаран болх дӀаболийна.

Соьлжа-ГӀалин дуьненаюкъарчу аэропортан а, «UTair» авиакомпанин а куьйгалхойн барт хиларца доьзна, оцу декъехь болх дӀаболийнарг и авиакомпани ю.

«Москва – Соьлжа-ГӀала» авиамаршрутехула лелаш долчу кеманех 1 кема «Boeing 737-800»-ца хӀинцале а хийцина цо.

Кхузаманахьлера и авиалайнер 186 пассажирана лерина ду.

Карарчу беттан чаккхенехь «UTair»-н кхин а 2 кема хийца дагахь хилар хоуьйту Соьлжа-ГӀалин аэропортан пресс-службо.

№44, асаран (июнь) беттан 12-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: