Зорбанан продукци яржорехь Россехь а хьалхарчарах цхьаъ ю Нохчийчоь

Зорбанан продукци яржорехь Россехь а хьалхарчарах цхьаъ ю Нохчийчоь. Иза билгалдаьккхина Зорбанан индустрин предприятийн союзо.

Иштта, цо дӀабаьхьначу талламо гучудаьккхина бахархошна прессин туьканашца кхачояран лехамаш 5 субъектехь бен боггӀучу тӀегӀанехь цахилар.

Къилбаседа-Кавказан федеральни округерчу 7 субъектехь прессин 666 туька ю, шайх 295 вайн республикехь а йолуш. Иза дика гайтам бу, хӀунда аьлча, лехамашца а догӀуш, прессин 1 туькано 5 эзар вахархочун хьашташ кхочушдеш хила деза, ткъа Нохчийчохь 5 078 вахархо кхочу оцу декъерчу 1 туьканна.

Цул сов, лакхахь хьахийначу Зорбанан индустрин предприятийн союзо кхин цхьа хӀума а билгалдаьккхина – тӀаьхьарчу шарахь вайн махкахь 200 сов прессин туька (зорба даржоран майданаш) схьаеллар.


№44, асаран (июнь) беттан 12-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: