Кхачаройн-Чергазийн Республикин Черкесск гIалахь дIаяьхьира паргIатчу кепара охьатохархлатарехула Россин хьакъволчу тренерна В.В.Чуковна лерина Ерригроссин турнир. Цигахь дакъалоцуш вара Россин регионашкара 116 спортсмен. Ткъа вайн Республикера дакъалоцуш бара Грозненски районан №1 йолчу ДЮСШ, ШВСМ, ДЮСШ №3,7 йолчу школашкара а 11 кхиазхо.
Турнир дIаяьхьира кхаа дийнахь. Шайн-шайн йозаллин мел категорешкахь вайн махкахойн шолгIа меттиг яьккхира Ацаев Мохьмада (100 кг) Грозненски районан ДЮСШ, тренер Хусаинов ВахIид.
Тхоьца хиллачу къамелехь Грозненски районан ДЮСШ-н директора Муртазалиев Мухьадис элира: «ТIаьхьарчу хенахь тхан районерчу спортсменаша лаккхара кхиамаш боху, масала, хIокху шарахь дIаяьхьначу Ерригроссин, цара СКФО-н къийсадаларшкахь 5 хьалхара, 6 шолгIа, 11 кхоалгIа меттигаш яьхна. Цара и кхиамаш бахар доьзна ду уьш Iамочу церан тренерех: Хусаинов ВахIидах, Сулейманов Iумарах, Дудулаев Асламбеках, Бадиев Русланах, Умаров Пайзулех.
Карарчу хенахь уьш кечам беш бу дуьненан чемпионатехь дакъалаца. Со тешна ву, цигара уьш лаккхара кхиамаш баьхна цIабогIург хиларх».
З.ШИШХАНОВА
№ 65, п1ераска, 12 июнь, 2015 шо