ХӀинццалц оьрсийн маттахь – «Комсомольское», хӀинца дуьйна – «Бердыкель»

Нохчийн Республикин Парламентан 121-чу кхеташонехь къобалдина Устрада-ГӀалин округан Депутатийн кхеташонан дӀадолор – БердкӀела юьртан оьрсийн маттахь йолу цӀе хийцарца доьзна дара иза.

Билггал аьлча, оьрсийн маттахь хӀинццалц «Комсомольское» цӀе лелош хиллачу юьртан цIе, «Бердыкель» аьлла, хийцаран Ӏалашонца дӀаболийна болх.

Парламенто и дӀадолор къобалдар а, юьртан цӀе хийцаран бух а, оцу балхана оьшу харжаш а йовзийтаран кехаташ Пачхьалкхан регистрацин а, кадастран а, картографин а федеральни службе дIалур ду.

Нохчийн Республикин Ӏилманийн академис чӀагӀйина юьртана нохчийн а, оьрсийн а меттанашкахь йолу цӀераш: БердкӀел – нохчийн маттахь; Бердыкель – оьрсийн маттахь.

№44, асаран (июнь) беттан 12-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: