№157 маршрутана (Соьлжа-ГӀала – СемаӀашка) керла техника ялийна – 12 «ГАЗель A64R42» машен. Оцу хьокъехь хаам бина Нохчийчоьнан транспортан а, зӀенан а министра Черхигов Рамзана.
Цо билгалдаккхарехь, юкъараллин керла транспорт пассажирийн хьашташца йогӀуш хиларал сов, кхерамза а ю.
Иштта, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан тӀедилларца, оцу декъера болх кхидӀа а дӀабахьа шаьш дагахь хилар хаийтина Черхигов Рамзана.
№44, асаран (июнь) беттан 12-гIа де