Хьомсара махкахой! Тахана вай билгалдоккху уггаре а коьртачех, уггаре а мехалчех цхьаъ долу деза де – Россин де. Оцу дезачу дийно берриге а россихой цхьаьнатуху, динах тешар, къам, политикин хьежамаш тайп-тайпана хиларх доьзна доцуш.
Вай дозалла до вайн махках, цуьнан культурин тIаьхьалонех, дуккха а бIешерийн исторех, дайн бIаьхаллин а, къинхьегаман а хьуьнарех, вайн заманхойн кхиамех.
Вайх хIора а тешна а ву, кхеташ а ву халкъийн цхьаалла бахьанехь Росси, хьалха а ма-хиллара, дуьненахь уггаре а сийлахьяккхийчарах, нуьцкъалчех цхьа пачхьалкх хиларх. Иза иштта хилийтарна кхачо йо Россин Президента, вайн къоман баьччас Путин Владимира дIахьош йолчу хьикматечу политико.
Вайна дагабогIу шен хенахь Владимир Владимирович куьйгалле хIоьттина хилла болу мохк. Оцу муьрехь мохк экономикин а, политикин а кIорггерчу кризисехь бара. Регионашкахь олала деш бандитизм а, коррупци а яра, социальни вуно яккхий проблемаш яра, дуьненахь хилла болу цуьнан сий-ларам а, Iаткъам а боцчу новкъа бара. Ма-дарра аьлча, пачхьалкхан цхьааллина а, йозуш цахиларна кхерам кхоллабелла хьал дара.
Владимир Владимировича йоццачу хенахь Росси голаш тIехIоьттина хиллачуьра хьалагIаттийра, меттахIоттийра цуьнан сий-ларам. И дан цуьнан хьуьнар кхечира иза ондда лаам, ницкъ болуш тхьамда а, вайн сийлахь-боккхачу Даймехкан бакъволу патриот а хиларна.
Шеко йоццуш, нохчийн халкъан кхузаманан исторехь хIара деза де иштта доьзна ду Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарца а. Къардалар девзаш доцу шен са, шен хьикмат, генна хьалха дерг ган хьекъал хилар бахьанехь ,цуьнан ницкъ кхечира цIийIеноран тIом сацон. Цо ондда бух биллира, Россина юкъахь а йолуш, республике зазадаккхийтарна, кхерамазалла а, машар а, синтем а хилийтарна.
И бахьанехь вай дерриге а дуьненна а гайтира нохчий маьрша, бертахь баха лууш хилар а, Росси ларъян доьналла долуш хилар а, вешан культура а, гIиллакхаш а, ламасташ а Iалашдан хьуьнар долуш хилар а. Иштта хир ду хIинца дуьйна даима а. Цу тIехь сан шеко яц!
Хьомсара доттагIий, ас дезачу денца даггара декъалво Россин Президент Путин Владимир а, ткъа иштта, вайн мехкан берриге а бахархой а! Лаьа машар а, барт а, синтем а хуьлийла, Даймохк – Росси сихха кхуьийла. Могашалла, ирс, аьтто хуьлийла шун а, шун доьзалийн а! Кхин цкъа а декъалдо шу Россин денца!
№44, асаран (июнь) беттан 12-гIа де