Нохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министерствон Нохчийн меттан институтехь йолчу нохчийн меттан а, литературин а хьехархойн говзалла лакхаяккхаран туьшахь хӀутосург (май) беттан 24-чу дийнахь дуьйна дӀахьош яра вайн республикин юкъардешаран школийн нохчийн меттан а, литературин а хьехархойн хаарш тӀедузаран Ӏалашонца «Нохчийн меттан нийсайаздаран коьрта бакъонаш: теори, практика, хьехаран методика» аьлла, хӀоттийначу программин гурашкахь кхитӀе а долчу дешаран курсаш.

Республикин ерриге а кӀошташкара хьехархой бара курсашкахь дакъалоцуш. Курсийн программа 72 сахьтана лерина яра. Асаран (июнь) беттан 4-чу дийнахь тӀаьххьара де дара церан.
Курсийн программа, лакхахь ма-аллара, Хьехархойн говзалла лакхаяккхаран туьшан говзанчаша (Дашаева Лайлаъ коьртехь йолуш) хӀоттийна яра.
Туьшан говзанчаша Л.Дашаевас а, А.Вагаповас а, Л.Исраиловас а, Ӏ.Говдахановас а, М.Халиковас а хьехархошна практикин белхан тӀедахкарш а деш, мелла а кьорггера йовзийтира керла бакъонаш.
Хьехархойн кхолладеллачу чолхечу хаттаршна жоьпаш делира Нохчийн меттан нийсаяздаран бакъонийн гулар хӀоттош къахьегначу нохчийн меттан Ӏилманчаша М.Овхадовс, Ӏ.Бадаевас, А.Абдулкадыровс, И.Солтахановс, иштта кхечу Ӏилманчаша.
Курсийн программин гурашкахь хьехархоша кхочушбира юьхьанцарчу а, жамӀийн а диагностикийн белхаш, ткъа иштта, кхин 2 аттестаци а йира.
Аттестаци ярна юкъадогӀура хьехархоша, шаьш Ӏамийначу бакъонех пайда а оьцуш, диктант язъяр а, тестийн тӀедахкарш кхочушдар а. Церан белхаш теллича, жамӀашка хьаьжжина, говзалла лакхаяккхаран курсаш яхарна тоьшаллаш лур ду.
Курсашкахь дешначу хьехархоша билгалдоккхура и тайпа курсаш а, вовшех дагадовларш а шайна оьшуш а, пайдехь а хилла хилар.
Хьехархошна институтан кхерчахь схьайиллина йолчу Нохчийн меттан музей чу а, къоман тематикина дехкинчу суьртийн гайтаме а, ткъа иштта, институтан Ӏилманийн лаборатореш чу а экскурси а еш, берзийра курсийн болх.
Хьехархой даггара баккхийбеш бара институтан керлачу хӀусамех, хьелех.
Уьш шайн балхана шовкъ-марзо совъяьлла дӀабахана хилар а боккха кхаъ бара.
Нохчийн меттан хьехархочо мотт Ӏамийна ца Ӏаш, дешархочунна шен мохк а, халкъ а, цхьана дашца аьлча, нохчалла марзъеш Делера ял йоккху.
З.ХИЗИРОВ
№44, асаран (июнь) беттан 12-гIа де