Кху деношкахь республикин берийн библиотекехь дIадаьхьира «туьйраннан паччхьалкха, Пушкинан пачхьалкха» цIе йолу литературин ловзарш.Уьш лерина дара Россехь Пушкинан де билгалдаккхарна. Цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш бара къона книгашъешархой, книгашъешархойн программийн дакъалацархой. Литературин ловзарш кхаа турах лаьтташ дара. Хьалхарчу турехь яздархочун дахарх а, кхоллараллах а лаьцна хаттарш дара, шолгIачу турехь – цуьнан туьйранех лаьцна, кхоалгIачу тура юкъайогIуш яра суьрташдахкаран берийн конкурс.
Бераша гайтира шайн хаарш. Царна дика девзаш хиллера вевзаш волчу оьрсийн яздархочун А.С.Пушкинан дахар а, кхолларалла а. Цхьаьнакхетар дерзош толамхой билгалбехира. Яздархочун туьйранаш довзарехь шолгIа меттиг йийкъира шина дакъалацархочунна: Дагаева Мадинина а, Сайдумов Ансарна а, хьалхара меттиг яьккхира Амагова Софияс. суьрташдахкаран конкурсехь «Дашо чIара» «Туьйрана йогIуш дика иллюстраци ярна» хьалхара меттиг – Торшхоева Даянас.
З.САГАЕВА
№ 65, п1ераска, 12 июнь, 2015 шо