Нохчийчоьнан гӀишлошъяран а, хӀусамийн-коммунальни бахаман а министра Зайпуллаев Муслима довзийтина къоман проектан гурашкахь республикехь юкъараллин майданаш тоярехь долу хьал.

Карарчу шарахь тоеш а, тоян езаш а 70 гергга объект ю оцу декъехь: урамаш, уьйтӀеш, паркаш, сквераш, и.дI.кх.а. И белхаш республикерчу ерриге а муниципалитеташкахь дӀахьур бу.
Къоман проектан «ХӀусамаш а, гӀаланашкара хьал а» проектан гурашкахь Грозненски кӀоштарчу Побединскехь хӀокху деношкахь йина яьлла керла юкъараллин майда.
СадаӀаран а, берийн а, мини-футболан а майданаш ю цигахь.
Паркан хьокъехь аьлча, гӀашлойн некъаш а, берашна бираьнчигаш а, тхов-кӀелонаш, иштта, дечиган лабанаш а, охьаховша гӀанташ а дина, шайна улле нехаш чукхийса тускарш а хӀиттош.
Меттигерчу бахархошна боккха кхаъ хилла цунах. Цара дийцарехь, хӀинца кхин а хазъелла юьртан юкъ, берашна ловза меттиг а ю, ткъа баккхийчарна – охьаховша а, садаӀа а.
«Хазахета-кх, хӀара юкъараллин меттиг тхуна кечйина, кегийчеран а, баккхийчеран а, лаамаш кхочушбира», – боху цара.
Билгалдаккха догӀу оццу проектан гурашкахь кхин а цхьа майда йина карарчу шарахь Грозненски кӀоштахь – бӀаьста Ӏалхан-ГӀалахь схьайиллина юкъараллин майда.
А.КАНТАЕВ
№45, асаран (июнь) беттан 16-гIа де