«Вайн заманан турпалхо» конкурс дӀахьур ю

Нохчийн пачхьалкхан университето дӀахьош ю документальни кинон «Вайн заманан турпалхо» конкурс.

Конкурс дӀаяхьаран коьрта Ӏалашо ю бахархойн хьежамашкахула а, тайп-тайпанчу социальни тобанашкахь болчу адамийн кхолламийн исторешкахула а кхузаманан нохчийн юкъаралла гайтар.

Оьрсийн а, Россерчу халкъийн а меттанашкахь яьхна фильмаш (оьрсийн маттахь йолчу субтитрашца) ю конкурсе схьаоьцуш.

Жюрин кхиэле йохкуш йолу материалаш вайн заманан турпалхойх лаьцна дуьйцуш хила еза (уьш могӀарера нах хила беза, республика кхиорна юкъа шайн дакъа диллина а болуш).

Фильмаш социальни жоьпалла гойтуш, дахаре хьежам болуш, хьовсархойн синайъамаш гӀовттош хила еза, хӀоранна а ша веха меттиг кхин а хазъян дог доуьйтур долуш.

Конкурсехь хьалхара кхо меттиг яьккхинчарна билгалдина совгIаташ иштта ду: 1-ра меттиг — 60 эзар ₽, 2-гӀа меттиг — 40 эзар ₽, 3-гӀа меттиг — 30 эзар ₽.

Цигахь дакъалаца лаам болчарна копийн формат: Full HD (mp4), ткъа фильман хан — 5-10 минот.

Белхаш карарчу беттан 20-чу дийне кхаччалц хӀокху адресца схьоьцу — studonetv@mail.ru.

Дерриге а хаттарш @studone.tv-н директ чу язде.

№45, асаран (июнь) беттан 16-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: