Баккъал а, Нохчийчоьнан футболан коьртачу командин футболистийн тренер хир ву футболан «дуьненахь» дика вевзаш волу Туре Яя.

Иза «Ахматан» тренерийн штабехь болх бан реза хилла хиларан хьокъехь хаам бина оцу говзанчин агента Селюк Дмитрийс.
Цо дийцарехь, Туре белхан алапе кхин хьашт-дезар долуш а вац, иза дуьххьалдIа болх бан лууш ву, футболисташ Iамо, церан говзалла кхио лууш ву.
«Ахмат» командин коьрта тренер Талалаев Андрей а ву и санна волу говзанча шен тренерийн штабехь хуьлийла лууш. Иза ванне а кхоьруш вац цо шен меттиг дIалацарна.
Къонахчун амал ю Андрейс цу тIехь шегара гайтинарг. Цунна шен команда кхин а дика хуьлийла лаьа.
«Турес ша футбол ловзучу хенахь дуккха а совгIаташ даьхна, дуккха а къийсадаларшкахь толамаш баьхна, еккъа цхьа дуьненан чемпионат йоцчохь. Делахь-хIета, цунна зеделлачух пайдаэцар чIогIа нийса хир ду. Цул сов, Туре Яя волчу «Ахматехь» ловза муьлхха а футболист вогIур ву, дукха даккхий ахчанаш а ца хьехош», – боху Д.Селюка.
Туре Яя шен хенахь Ингалс пачхьалкхерчу «Манчестер Сити» командехь левзина ву. Ткъа иза дуьненахь а дика евзаш команда ю.
ТIаьххьарчу хенахь Яя Донецкерчу «Олимпикан» футболисташ Iамош вара.
Хь.САЙДАЕВ
№45, асаран (июнь) беттан 16-гIа де