Къоман туьшан волонтерийн Iаморийн жамIаш дира Соьлжа-ГIалахь

ТIепаза дайначу а, бохам хиллачу а берашна гIо даран Къоман туьшан волонтерийн Iаморийн жамIаш дира Соьлжа-ГIалахь.

Леррина цига еара Къоман туьшан Iуналла даран кхеташонан Председатель Мильская Елена. Оцу хьокъехь хаам бира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана «ВКонтактерчу» шен агIонехь.

Волонтерийн Iамораш РУС-н базехь асаран (июнь) беттан 9-чу дийнера 13-чу дийне кхаччалц дIадаьхьира. Уьш лерина дара Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин 70 шо кхачаран сийнна.

Iаморийн программа хIоттийнера РУС-н зеделларг долчу инструкторша. Дукхахдолу зераш дIадаьхьира лекхачу лаьмнашна юккъехь йолчу ГаланчIожан кIоштахь. Россин 27 регионера 60 волонтер вара цигахь дакъалоцуш.

Комплексни тактикин Iаморашкахь дакъалацаран хьокъехь дипломаш делира царна массарна а. Къаьсттина билгалбевллачарна Туьшан Сийлаллин грамоташ а, Баркаллин кехаташ а делира.

Кхаа дийнахь волонтераш цхьамогIа интеллектуальни а, физически а зерех чекхбевлира, цхьаьна командехь гIуллакхдан а Iемира. Цара дакъалецира финалан муьрехь а.

Оцу муьран лехамашца (легендица) вайна боху стаг лаха везаш а вара, цунна хьалхара гIо дан дезаш а дара, билламца бохам хилла стаг лаьмнийн тIекхача хала долчу меттигера Эпендиев ШахIабан цIарахчу республикин клиникин больницин санитарни беракеманахь дIавигийта везаш а вара.

«Волонтераш тIехдика ларийра дерриге а зерашца. Цара гайтира шайн говзаллех а, хаарех а бакъйолчу лахаран-кIелхьарадахаран операцешкахь пайдаэца шаьш кийча хилар. Билгалдаккха деза РУС-н инструкторш Къоман туьшан волонтерашца цхьаьнагIуллакх деш болу кхо шо хилар. Цара беркате цхьаьна гIуллакхдаран жамI ду РУС-н инструкторша кечйина йолу Iаморан комплексни программа. Цо таро елира, тIепаза дайна бераш лахар дIадахьарехь, волонтерийн белхан дикалла дикка лакхаяккха. Ас баркалла боху сайн хьомечу вешина, Нохчийчоьнан Куьйгалхочун гIоьнчина, РФ-н ФСВНГ-н Нохчийчохь йолчу урхаллин хьаькаман заместительна Мартынов Даниилана и мехала проект кхочушъярна», – яздина Нохчийн Республикин Куьйгалхочо.

РУС-н белхахойн къинхьегам берашна гIо даран Къоман туьшан волонтераш кечбаран процессана бух хилла ца Iаш, Россехь лахаран-кIелхьарадахаран гIуллакхаш деш йолчу волонтерийн кхечу организацийн а белхан бух хилла дIахIуттург хиларх ша тешна хилар хаийтира Кадыров Рамзана.

Д.АНАДЕВ
№45, асаран (июнь) беттан 16-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: