Вайн бераш цхьаьнгга а Iехадайта йиш яц

Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министран заместитела Мустапаев ИбрахIима «Интернетан сеташкахь экстремизмана а, терроризмана а дуьхьало яр» темина лерина «горга стол» дIаяьхьира.

2014–2024-чуй шерашна леринчу пачхьалкхан «Нохчийн Республикехь пачхьалкхан хаамийн технологи» программин гурашкахь вовшахтоьхна яра «горга стол».

Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин юкъараллин палатин декъашхоша Муцаев Мамийс, Яхъяев Денис, Уздарбиев Iабдулхьамида, Аюбова Лайлаа, иштта, оцу палатин председателан гIоьнчас Ибрагимов Мовсара.

Интернетан сайташкахь дукха яьржина экстремизман а, терроризман а идеологеш. Уггаре а чIогIа оцу идеологех Iехалуш берш кегийрхой бу. Цундела, вайн къона тIаьхье оцу хаамийн тIамехь хIаллак ца хилийта, леррина вовшахтоьхна дIахьош ю «Интернетан сеташкахь экстремизмана а, терроризмана а дуьхьало яр» программа. Цхьадолчу декъанна ца хилча ца йолуш, вайн Iер-дахарх хоттаелла яьлла хIума ю иза, ткъа вукху агIор вайн доьзалш хIаллакбен хIума а ю. Цхьа тобанаш ю шайн боьха Iалашонаш кхочушъян, шайх Iехавала кийча верг лоьхуш. Билгалдаккха деза, нагахь санна дас-нанас шен доьзалхочун кхоччуш терго еш яцахь, цуьнан хьежамаш царна бевзаш бацахь, доьзалехь иза лоруш вацахь, цо шен меттиг а, шех кхеташ верг а интернета чохь лохуш хилар. Уьш бу оцу тобанашна безарш а, – бохура Мустапаев ИбрахIима.

«Горгачу стоьлан» дакъалацархоша шайн-шайна хетарг довзийтира.

Цул тIаьхьа, министран заместитела юкъараллин палатин декъашхошка дийхира, школашкахь дай-наношца цхьаьнакхетарш дIадахьар а, интернетан сеташкахь экстремизмана а, терроризмана а дуьхьало яр муха дIадахьа деза кегийрхошна довзийтарна тIехь жигаралла совъяккхар а.

Иштта, билгалдаьккхира оьшуш болу хаамаш шайн министрествехь хуьлуьйтург хилар.

ВЕГИЕВА Макка
№45, асаран (июнь) беттан 16-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: