Лекхачу лаьмнашна юккъехь йолчу Нажи-Юьртан кIоштарчу Бенахь а, Бена-Веданахь а, Денги-Юьртахь а, «Шира Бена» этнографин музейхь а дIаяьхьира халкъан кхоллараллин «Бенара бIаьсте–2021» фестиваль. Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана а, цуьнан бIанакъосташа а.

Фестивалехь дIадаьхьначу дуккха а гIуллакхашна юкъахь къаьсттина меттиг дIалоцуш яра Iилманан-практикин конференци.
Дакъалоцуш Iилманан а, кхоллараллин а интеллигенцин векалш, юкъараллин гIуллакххой, Iеламнах болуш, конференцехь дийцаре дира Нохчийчохь машар хилийтарехь, иза когахIотторехь, кхиорехь Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас лелийна маьIна.
Иштта, фестивалехь юьртабахаман йоккха ярмарка а вовшахтуьйхира. Республикин аренашлелорхоша а, даьхнилелорхоша а шайн сурсаташ деанера цига. Царна юкъахь стоьмаш, хасстоьмаш, шурин, жижиган, деман сурсаташ дара.
Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан говраш хахкаран къийсадаларшка хьаьжира. Говраш кхузза хаьхкира: 6 000, 3 600, 2 400 метран йохалле.
Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа винчу денна лерина дара хьалхара говраш хахкар. Цигахь толам баьккхира «Ламбер» цIе йолчу говро.
«Бенара бIаьсте–2021» фестивалана лерина говраш хаьхкича, хьалхара меттиг яьккхира «Сабур» цIе йолчу говро. КхоалгIа говраш хахкар лерина дара Чалаев Замидана «Россин Турпалхо» цIе яларна. «Шторм» цIе йолчу говро хьалхара меттиг яьккхира цигахь.
Фестивалан дакъалацархошна а, хьешашна а уггаре а чIогIа дезаделира къоман къийсадаларш. Уьш 10 кепехула дIадаьхьира. Къийсадаларшкахь хьалхара меттиг яьккхира Соьлжа-ГIалин векалша, шолгIа меттиг – Хьалха-Мартан векалша, кхоалгIа меттиг – Устрада-ГIалин векалша.
Денги-Юьртахь вовшахтоьхнера суьрташдахкархойн а, декоративно-прикладни искусствон говзанчийн а белхийн гайтам. Массеран а бIаьрг тIехIуттуш дара суьрташ а, ткъа иштта, дечигах, гипсах, сацкъарх, эчигах йина хIуманаш. Эзар сов экспонат яра гайта дIахIоттийнарг.
Суьйренан программехь хьовсархойн тидам тIеозош дара «Нохчийн хелхар» республикин конкурсан финалан дакъа. Иза культурин-этнографин «Шира Бена» комплексехь дIадаьхьира. Цигахь дакъалоцуш 150 стаг вара, шайна юкъахь корматаллин хелхарчаш а болуш. Коьрта совгIат (Гран-При) даьккхира «Нохчо» ансамблан векалша Хатуев Зеламхас а, Байсарова Марета а.
«Бенара бIаьсте–2021» фестиваль шатлакхца ерзаяле хьалха Нохчийчоьнан искусствон говзанчийн йоккха концерт хилира.
Цигахь Кадыров Рамзана Россин Турпалхочун седа белира республикин МВД-н лерринчу хьаштийн Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу ППСП-н полкан командирана Чалаев Замидана.
Иштта, Нохчийн Республикин лаккхара совгIат – Кадыровн орден елира Нажи-Юьртан кIоштан администрацин куьйгалхочунна Музураев Асланбекана, бакъонашларъяран органийн белхахошна Хататаев Мухтарна, Дохуснукаев Алиханна, Ахматов Мусана.
Цу тIехь фестиваль чекхъелира, маьрша еана буьйса шатлакхца къага а еш.
Д.АНАДЕВ
№46, асаран (июнь) беттан 19-гIа де