Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана, коронавирусан керла инфекци яржарна дуьхьал бан безачу белхан хьокъехь кадечу штабан кхеташо дIаяьхьира.
Кхеташонехь дийцаре дира регионехь пандеми бахьанехь хIоьттина экономикин а, эпидемиологин а хьал. Р.Кадыровс билгалдаьккхира, тIаьхьарчу хенахь, Россехь, коронавирусан инфекци хилларш алсамбовлуш хилар.
«Цкъачунна, сингаттаме хьал ду махкахь лаьтташ. Россин кхечу регионашкахь санна дацахь а, сагатдойла ю вайн республикехь а. Больницашкара хьал, лоьраш а, молханаш а тоьаш хилар лерринчу тергонехь латтош ду оха. Амма, вайн махкахойн могашалла уггаре а коьртаниг ю, цундела, сан дехар ду хIорангга а, шен декхар кхочуш а деш, шена вакцинаци яйтар. Иза массарна тIедиллина а, къаьсттинчу тергонехь латтор долуш а гIуллакх ду», – элира цо.
Нохчийн Республикин могашаллаIалашъяран министра Сулейманов Эльхана бечу хаамца, тIаьхьарчу кхаа кIиранах больницашка кхаьчначеран барам шозза алсамбаьлла.

Цо дийцарехь, ши кIира хьалха, COVID-19 йолуш 14 стаг хиллехь, дIадаханчу кIиранах и терахь 24 стаге хьалакхаьчна, ткъа хIокху кIиранах цомгашниг 30-ннал сов ву.
Нохчийн Республикин Правительствон Председателан заместитела Усмаев Вахита билгалдаьккхира карарчу хенахь республикехь прививка йинарг 142 462 стаг хилар.
Нохчийн Республикин экономикехь долчу хьолах лаьцна доклад йира Нохчийн Республикин Правительствон Председатела Хучиев Муслима. Цо хаийтира хIара шо доладелчахьана республикера дикаллин гайтамаш лахабевлла цахилар.
Кхолламан (январь) – оханан (апрель) беттанашкахь складашкахь дIаделлачу товарийн (товары отпущенные со склада) барам 7,8 процентана алсамбаьлла, промышленни товарийн – 12,5 процентана, гIишлошъяран белхаш – 1,5 процентана, беттан юккъера алапа 13,6 процентана алсамдаьлла, ткъа налог йолуш а, йоцуш а хилла пайда 19,1 процентана алсам бу.
Кхеташо ерзош, Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана лаккхара мах а хадийра, баркалла а элира Правительствона а, Iедалан кхечу органашна а пандеми яьржичахьана, цара бинчу дикачу балхана.
М.МАГОМАЕВА
№46, асаран (июнь) беттан 19-гIа де