ХIокху беттан 16-чу дийнахь Соьлжа-ГIаларчу Омаев Дагунан цIарахчу Даздарийн цIийнехь дIадаьхьира Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин сийнна лерина Журналистийн X-чу Дуьненаюкъарчу «Дашо пелаг» конкурсан толамхошна совгIаташ дар.

Цигахь дакъалоцуш вара: Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан, Россин Федерацин Пачхьалкхан Думин депутат Делимханов Адам, Нохчийн Республикин Парламентан Председатель Даудов Мохьмад, Нохчийн Республикин Правительствон Председатель Хучиев Муслим, Соьлжа-ГIалин мэр Кадыров Хас-Мохьмад, Россин Федерацин Журналистийн союзан председатель Соловьев Владимир, Россин тележурналист Корчевников Борис, кхиберш.
СовгIаташ дIадаларан даздарш дIахьош дара Россин телеведущи Литовко Наталья а, «Россия-21» телеканалан корреспондент Щугорев Дмитрий а.
Кадыров Рамзана, хьешашка маршалла хаьттинчул тIаьхьа, дийцира муьлххачу а конкурсехь дакъалацар толам баккхарал а коьрта хилар.
«ХIара конкурс дIаяхьа ойла хиллачу хенахь, тхан Iалашо яра дерриге а дуьненна Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин некъ маршонан а, республика кхиоран а некъ хилар дIахаийтар», – элира цо.
Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана «Дашо пелаг» конкурс дIаяхьар бахьана долуш, дерриге а дуьненна дIахаийтира нохчий цкъа а террористаш а, экстремисташ а хилла цахилар.
Цул сов, Кадыров Рамзана билгалдаьккхира журналисташ даима а сий-ларам болу, бакъболу патриоташ хилар.
Цо дийцарехь, Нохчийн Республикехь тIемаш болчу хенахь, журналисташа шайн синош а, дахар а ца кхоош, дукха къахьегна регионан бахархошка бакъдерг дIакхачо гIерташ.
Кхушарахь «Зорбанан а, интернет-изданеш а» декъан «Очерк» декъехь толамхо хилира Россин Журналистийн союзан декъашхо Сайдулаева Раиса.
«Статья» декъехь тоьлла лерира Бакарова Маринин болх.
«Фоторепортаж» номинацехь толам баьккхира Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Хаамийн урхаллин коьртачу консультанта Абуев Мусас.
Конкурсехь керла юкъаяьккхинчу «Блогосфера» номинацехь туьйлира блогер Китуашвили Эрик (Давидыч).
«Радиовещани» декъехь кхаа номинацехь толамаш бехира: «Тематикин программа» – Загаев Руслан («Грозный» НПТРК), «Хаамийн выпуск» – Ткаченко Юлия (Ноябрьск гIала), «Iуьйренан шоу» – Попович Марина (Рокс-Регион радио).
«Телевидени» номинацехь а кхо номинаци яра: «Тематикин программа» номинацехь туьйлира Карзанова Тамарин (НТВ) «Поедем, поедим» программа; «Хаамийн сюжет» номинацехь толам баьккхира Кудринецкая Вероникас (СТВ, Минск); «Леррина репортаж» номинацехь туьйлира ВГТРК-н лерринчу корреспондентан Баранов Алексейн болх.
Мероприяти ерзийра конкурсан Гран-При яларца – иза кхечира «Грозный» НПТРК-н белхахочунна, «Да» цIе йолчу документальни фильман авторна Джакаева Регинина.
I.МУРТАЗОВ
№46, асаран (июнь) беттан 19-гIа де