«Жимачохь дуьйна диканиг де»

Асаран (июнь) беттан 14-чу дийнахь билгалдоккхуш ду Доноран дерригдуьненан де. ЦӀийн группаш билгалъяьхна волу Австрин лор-иммунолог, Нобелан совгӀатхо Ландштейнер Карл (1868–1943) дуьнен чу ваьлла де ду иза.

Оцу денна лерина ЦӀийн службин Ерригроссин «Жимачохь дуьйна диканиг де» аьлла, кхайкхам болу марафон дӀахьош ламаст ду Россин Федерацехь.

Оцу марафонехь дакъалаьцна НР-н могашаллаIалашъяран министра Сулейманов Эльхана а, НР-н гӀишлошъяран а, хӀусамийн-коммунальни бахаман а министра Зайпуллаев Муслима а.

Донорийн цӀий дӀалучу марафонехь дакъалоцуш кегийрхой хилла ца Ӏаш, хьалхарчу могӀарехь баккхий нах а бара. Оцу акцин гурашкахь дӀахьош хаамийн викторинаш а яра, цул сов, медицинин хьалхара гӀо дар хьоьхуш мастер-класс гойтуш лоьраш-говзанчаш а бара.

Циггахь, цӀий дӀадаларан маьӀнех лаьцна дуьйцуш, кегийрхошна юкъахь Донорийн боламан болх бовзийтаран Ӏалашонца лекцеш а йийшира.

– 2020-чу шеран жамӀаш дича, Башкирин Республикин коьртачу шахьарахь Уфахь дӀаяьхьначу Форумехь хаза кхаъ хилира Россин медико-биологин федеральни агентствон куьйгалхочо Скворцова Вероникас Нохчийн Республикин могашаллаӀалашъяран министерствон ЦӀийдоттаран республикин станцин коьртачу лоьрана Татаева Зураана «Донорийн болам кхиорехь къахьегарна» аьлла, мидал а луш, цо лаккхарчу тӀегӀане баьккхина дӀахьочу белхан хьакъ боллу мах хадийна, аьлла. Оцу форумехь къаьсттина тидам тӀебохуьйтуш дийцина Зураа куьйгалла дечу станцин балхах а, цуьнан белхахойн хьуьнарех а лаьцна, – билгалдаьккхина Нохчийн Республикин могашаллаIалашъяран министра Сулейманов Эльхана инстаграмерчу шен агIонехь.

Акци дӀаяьхьна Ерригроссин «Волонтераш-медикаш» юкъараллин боламан регионан отделенин куьйгаллин а, Нохчийн Республикин могашаллаӀалашъяран министерствон ЦIийдоттаран станцин а дӀадалорца.

Амерханова ПетӀамата куьйгалла дечу регионан отделенин волонтераша-медикаша дукха проекташ ю вайн республикехь кхочушъеш. Царах цхьаъ Ерригроссин «Жимачохь дуьйна диканиг де» аьлла, кхайкхам болу марафон ю.

З.ЯХЪЯЕВА
№46, асаран (июнь) беттан 19-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: