М.Ю.Лермонтовн театран сцени тIехь – «Бэла»

Оьрсийн сийлахьчу поэтан Лермонтов Михаилан кхолларалла дика евзаш ю вайн махкахь. КIезиг могIанаш ца яздина цо Кавказах а, къаьсттина нохчех а лаьцна. Мел дукха ешарх кIордош яц Лермонтовн «Мцыри», «Кавказ», «Измаил-Бей», иштта дуккха кхийолу говзарш.

Нохчийн къоман театро кест-кеста хIиттайо поэтан говзаршна тIехь спектаклаш. Царна юкъахь вайн махкахошна уггаре а дукхаезачарах ю «Бэла» повеста тIехь хIиттийна спектаклаш.

Дуьххьара 1941-чу шарахь хIоттийра вайн театран сцени тIехь «Бэла» спектакль, коьртачу турпалхочун васт кхуллуш къона актриса Алиева Тамара а йолуш. Максим Максимычан васт Нохч-ГIалгIайн хьакъволчу артиста Бадуев Мовждис кхоьллинера.

Оьрсийн поэт Лермонтов Михаил дуьнен чу ваьлла 150 шо кхачарна лерина хIоттийра режиссера Харлип Павела Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан драмин театран сцени тIехь «Бэла» спектакль.

Харлип Павела хIоттийначу спектаклехь Бэлин васт кхуллуш РСФСР-н хьакъйолу артистка Багалова Зулейхан яра. Ткъа Печорин Григорий Александровичан васт кхуллуш РСФСР-н халкъан артист Давлетмирзаев МутIелип вара. Максим Максимычан васт РСФСР-н халкъан артиста Зубайраев ЯрагIис кхоьллира.

2021-чу шеран асаран (июнь) беттан 11-чу дийнахь М.Лермонтовн цIарахчу Нохчийн Республикин оьрсийн драмин театрехь хилира «Бэла» спектаклан премьера.

Нохчийн похIмечу актерийн къона чкъор дара режиссера Еремин Юрийс хIоттийначу оцу спектаклехь васташ кхуллуш.

Еремин Юрий Москварчу «Моссоветан» цIарахчу театрехь дуккха а шерашкахь болх бина, алссам спектаклаш хIиттийна, доккха зеделларг долуш режиссер ву.

Нохчийн Республикин культурин министерство кхайкхина валийна ву иза М.Лермонтовн цIарахчу оьрсийн драмин театрехь «Бэла» спектакль хIоттон. Иза РСФСР-н Халкъан артист а, РСФСР-н искусствийн хьакъволу гIуллакххо а ву.

Ша хIотточу спектаклехь Бэлин васт кхоллар къоначу актрисех Саралиева Аминех тешийна режиссера. Печоринан васт кхуллуш Осмаев Аслан ву. Цуьнан дублер хила кечлуш ву Нохчийн Республикин халкъан артист Исламгириев Апти. Иштта ши актер ву Казбичан васт хьовсархойн кхиэле дилла кечлуш а: Исламов Висхан а, Темишев Султан а. Ткъа оьрсийн эскаран къеначу эпсаран Максим Максимычан васт кхоллар Хамзатов Ахьмадах тешийна режиссера.

Нохчийн къоман театральни искусствон рогIера кхиам бу аьлла хета похIмечу режиссера Еремин Юрийс хIоттийна «Бэла» спектакль.

ГАЗИЕВА Аза
№46, асаран (июнь) беттан 19-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: