«ЕР» партин цӀарах Думин депутаташ баха луучеран могӀарехь керла нах хилар билгалдаьккхина В.Путина

Политикин «Единая Россия» партин цӀарах РФ-н Пачхьалкхан думин депутаташ баха луучу кандидатийн могӀарехь дуккха а керла нах бу. Оцу хьокъехь хаам бина Россин Президента Путин Владимира.

Карарчу беттан 19-чохь оцу партин хиллачу гуламехь дакъалоцуш, цо билгалдаьккхира Россин Президентан Кост кхочушдарехь партин леррина маьӀна хилар.

Цунна хетарехь, юкъараллин парти ю «Единая Россия», бахархошна а, юкъараллина а оьшуш долу гӀуллакхаш кхочушдеш а йолуш.

Иштта, оцу балхе хьаьжжина къастийначу федеральни могӀарера 5 кандидат а вовзийтина: Шойгу Сергей, Лавров Сергей, Проценко Денис, Шмелева Елена, Кузнецова Анна.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: