Кху деношкахь Соьлжа-ГIаларчу, журналистийн скверехь дIаяьхьира «Буста хьайн таIам» цIе йолу акци. Иза вовшахтоьхнера Нохчийн Республикин могашалла Iалашъяран министерствон могашаллина профилактика яран республикин туьшо, Соьлжа-ГIалин №6 йолчу поликлиникица цхьаьна.
– Дуьненчохь 1,5 миллиард стаг артериальни лаккхара таIам болуш ву. И бахьана долуш дуккха а инсульташ хуьлу. Лаа дац «Буста хьайн таIам» акци дIаяхьар. Иза уггаре а хьалха республикин бахархошка шайн артериальни таIам тергонехь латтабайтарна тIехьажийна ю. Иштта акцеш могашалла Iалашъяран цхьацца организацешца цхьаьна сих-сиха дIаяхьа дагахь ду тхо, – элира могашаллина профилактика яран республикин туьшан коьртачу лоьро Исмаилов Iабдуллас.
Шина сахьтехь дIаяьхьира акци. Цу юкъана журналистийн скверехула тIехволучу 150 гергга стеган артериальни таIам буста ларийра цу мехалчу гIуллакхийн вовшахтохархой. Луучунна артериальни таIам буста а Iамош, тIехволучунна могашаллина пайдехьдолу хьехарш тIехь долу брощюрашйийкъира.
З.ЛЕЧИЕВА
№ 65, п1ераска, 12 июнь, 2015 шо