«Кавказан лаьмнийн сийлалла – 2021» фестиваль дӀаяьхьира

Устрада-ГӀалин Культурин цӀийнехь берийн-кхиазхойн «Кавказан лаьмнийн сийлалла – 2021» дуьненаюкъара фестиваль дӀаяьхьира.

Цигахь дакъалецира Малхбален федеральни округан а, Къилбаседа-Кавказан федеральни округан а 8 регионерчу 14 кхоллараллин коллективо. Цара гайтира Кавказан халкъийн 35 хелхар, вокальни-инструментальни 15 номер. Дакъалоцуш 500 сов стаг вара.

Фестивалехь конкурсан номерш а, мастер-классаш а гайтира Кавказан халкъийн доттагӀаллин темина лерина.

«Кавказан халкъийн хелхарш» номинацехь Гран-При совгӀат даьккхира ГӀебартойн-Балкхаройн Республикин Нарткала гӀаларчу «Дыгэшыр» ансамбло а, оццу республикерчу Псыгансу гӀаларчу «Псыгансу» ансамбло а.

1-чу даржан Диплом даьккхира Дагестан Республикин ХIинжа-ГIалин «Махачкала» ансамбло, 2-чу даржан Диплом – Нохчийн Республикин Устрада-ГӀалин Берийн искусствийн школин «Аргун» ансамбло, 3-чу даржан Диплом – Къилбаседа ХӀирийнчоь Республикин Моздок гӀаларчу «Пируэт» ансамбло.

Ткъа «Халкъан гIирсаш» номинацехь Гран-При совгӀат даьккхира Къилбаседа ХӀирийчоь Республикин Ногир юьртарчу «Лучики Осетии» пондарчийн ансамбло.

1-чу даржан Диплом даьккхира Къилбаседа ХӀирийн-Аланин Республикин Моздок гӀаларчу Шихаева Миленас а, Москалюк Майяс а, 2-чу даржан Диплом – Къилбаседа ХӀирийчоь Республикин Моздок гӀаларчу Бицаева Эмиляс, 3-чу даржан Диплом – Къилбаседа ХӀирийн Республикин Моздок гӀаларчу Догужаева Мадинас.

«Соло» номинацехь Гран-При совгӀат даьккхира Нохчийн Республикин Устрада-ГӀалин Культурин цӀийнан векала Муцахаева Селимас а, ткъа 1-чу даржан Дипломаш дехира Устрада-ГӀаларчу Берийн искусствон школин дешархочо Осмаев Мусас а, Эна-Хишкан кӀоштарчу Эха-Борзе юьртарчу Дукаева Аминас а.

№47, асаран (июнь) беттан 23-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: