Устрада-ГӀалин мэрин пресс-службо бинчу хаамца, Ю.Башаевн цIарахчу урамехь (юкъара йохалла 1,25 километр) некъ тобаран белхаш чаккхене бахана. Цигахь, керла силаман чкъор диллина 7,500 квадратан метр некъана, иштта, некъан билгалонаш а хӀиттийна.

Цул сов, Устрада-ГӀаларчу кхин а 6 урамехь (юкъара йохалла 7,8 километр) керла силаман чкъор а дуьллуш, серлонан чиркхаш а тосуш, иштта, некъан билгалонаш а хӀиттош, чаккхене бахана некъаш тобаран белхаш.
Пурхала билгалонаш а йина, машенаш чехка ца хехкийта, юкъарчу суьртаца догIуш долу гӀашлойн некъаш а дехкина.
Автомобилийн некъийн министерствон белхахоша а, говзанчаша а «Кхерамаза а, дика а некъаш» проектан гурашкахь бина некъаш тодаран белхаш.
Юкъараллин тергамхой а кхечира цига, тодинчу некъийн хьал а толлуш. Цара билгалдаьккхира шайна тӀедехкинчу декхаршца белхалой дика ларош хилар.
Дагадоуьйту карарчу шарахь «Кхерамаза а, дика а некъаш» проектан гурашкахь, Устрада-ГӀалахь кхин а 2 урам тобийриг хилар, шайн юкъара йохалла 3,7 километр а йолуш.
№48, асаран (июнь) беттан 26-гIа де