Лакха-Неврехь – спортан майда

Республикин гӀаланашкахь а, ярташкахь а дӀахьош бу къоман «ХӀусамаш а, гӀаланашкара хьал а» проектан гурашкахь федеральни «ГӀалахь бегӀийла хьелаш кхоллар» проектаца нийса а догӀуш, юкъараллин майданаш тояран белхаш. Церан могӀарехь ю Теркан кӀоштарчу Лакха-Неврехь хӀокху деношкахь йина яьлла спортан майда а.

Проектаца нийса а догӀуш, цигахь волейболан а, баскетболан а майданаш а, берийн ловзарийн а, воркаутан майданаш а, гӀашлойн некъаш а, дечиган лабанаш а, иштта, охьаховша гӀанташ а дина, шайна улле нехаш чукхийса тускарш а хӀиттош.

Меттигерчу бахархошна боккха кхаъ хилла цунах. Цара дийцарехь, хӀинца кхин а хазъелла юьртан юкъ, берашна ловза меттиг а ю, ткъа баккхийчарна – охьаховша а, садаӀа а.

«Иштта майда тхан юьртахь ян а яцара. ХӀара хьалхарниг ю. Цунделла, хазахета-кх, хӀара юкъараллин меттиг тхуна кечйина, кегийчеран а, баккхийчеран а лаамашка хьовсар а, уьш кхочушбар», – билгалдаьккхира шен къамелехь Лакха-Невран юьртадас Х.Лечиевс.

Цу тӀе, къоман проектан гурашкахь, карарчу шарахь 67 юкъараллин майда, 41 юкъараллин меттиг, дукхапетарийн 26 цӀийнан уьйтӀеш тойийр ю. И белхаш республикерчу ерриге а муниципалитеташкахь дӀахьур а бу.

А.КАНТАЕВ
№48, асаран (июнь) беттан 26-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: