Карарчу беттан 23-чу дийнахь Соьлжа-ГIаларчу Ахтаев Увайсан цIарахчу волейболан цIийнехь дIабаьхьира Нохчийн Республикин халкъийн дерригдуьненан гулам.

Гуламе веанера 23 пачхьалкхера 5 эзар делегат — Хонкара, Франци, Германи, Норвеги, Польша, Гуьржийчоь, Украина, Великобритани, Бельги, Австри, Швеци, Мисара, Казахстан, Дани, СаIудийн Арави, Финлянди, Канада, Иордани, Шема, Латви, Белорусси, Iаьрбийн Цхьаьнатоьхна Эмираташ пачхьалкхашкара нохчий бара цига баьхкинарш.
Иштта, гуламехь дакъалоцуш бара Россин Федерацин регионашкарчу нохчийн юкъараллийн векалш а, Нохчийн Республикехь дехачу халкъийн векалш а.
Президиумехь вара РФ-н Пачхьалкхан Думин депутат Делимханов Адам, НР-н Парламентан Председатель Даудов Мохьмад, НР-н Премьер-министр Хучиев Муслим, НР-н муфти Межиев Салахь-Хьаьжа, НР-н Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхо Таймасханов ГIалас, НР-н Правительствон вице-премьер Висмурадов Абузайд, дуьненахь а дика вевзаш волу экономист, Iилманча, политикин гIуллакххо Хасбулатов Руслан, кхиберш.
Гуламехь бистхиллачара дийцира Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин а, цуьнан гIуллакхаш кхидIа дIахьош волчу Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Россин Турпалхочун Кадыров Рамзанан а некъана шаьш резахилар.
Иштта, цара Кадыров Рамзане дийхира товбецан (сентябрь) беттан 19-чу дийнахь республикехь дIахьур болчу харжамашкахь дакъалацар. Гулам бирзира резолюци тIеэцарца. Иза дIайийшира Нохчийн Республикин Парламентан председатела Даудов Мохьмада, гуламан делегаташа тIе а ийцира и документ.
Иштта, Нохчийн Республикин халкъийн дерригдуьненан гуламан дакъалацархой цхьаьнакхийтира Нохчийн Республикин Куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзанца. Цара цуьнга дийхира Нохчийн Республикин Куьйгалхочун дарже хин болчу харжамашкахь дакъалацар, шен кандидатура хьалхататтийтарна резахилар.
Нохчийн Республикин халкъийн дерригдуьненан гулам дIабаьхьира регионан Юкъараллин палатин дIадолорца, регионехь товбецан (сентябрь) беттан 19-чу дийнахь дIахьур болчу дуккха а тIегIанийн харжамашца доьзна.
I.МУРТАЗОВ
№48, асаран (июнь) беттан 26-гIа де