Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана кхеташо дIаяьхьира коронавирусца къийсам дIабахьаран кадечу штабан декъашхошца.
Цо билгалдаьккхира коронавирус яржар, вайн берриге а махкахь а санна, Нохчийчохь а алсамдолуш хилар.
Нагахь санна даханчу кIиранах COVID–19 диагнозца больницашка охьавиллинарг, юккъерчу барамехь, 25 стаг хиллехь, хIокху кIиранах и терахь 60-нал алсамдаьлла.
«МогашаллаIалашъяран система ларош ю карарчу хенахь долчу эпидемиологин хьолаца. Медицинин хьокъала йоллучу учрежденешна кхачойина говзанчашца, шаьш-шайн лардаран гIирсашца, молхамаханашца, кислородаца. Маьнганех 31 процент дерш даьсса ду. Оьшуш хьал хилахь COVID–19-ца къийсам дIабахьарна кхитIе а гIирсаш юкъаозо тIаьхьалонаш йолуш ю», – яздина регионан Куьйгалхочо «Вконтакте» йолчу шен агIонехь.
Пандемина дуьхьал дIахьош долчу гIуллакхашкахь кхиам хилийтаран закъалт ду вакцинаци яйтар.
Иза билгал а доккхуш, Р.Кадыровс яздина: «Со воккхаве вайн бахархоша, шайгара лаккхара граждански кхетам хилар а гойтуш, прививкаш йойтуш хиларх. Оццу хенахь Нохчийчохь хаало COVID–19-на дуьхьал йолу препараташ тоьаш цахилар. Герггарчу деношкахь вакцинацин кхин а 50 эзар доза схьакхачо дезаш ду. Цо таро лур ю иммунизаци яр, юкъах дийлар доцуш, кхидIа а дIадахьа. Ас Кадечу штабана тIедиллина вакцинаци яран мобильни пункташ алсамъяхар оьшуш ду-дац хьажар».
Цо иштта дIахьедира дозанаш тохаран гIуллакх хьехош а, дийцаре деш а цахилар.
«Делахь а, нагахь санна адамаша шайгара жоьпазалла гайтахь, шайна а, гонаха болчарна а кхераме дерг лелош хилахь, тхо цхьаъ ца дича девр дац», – дIахьедина республикин Куьйгалхочо.
Цуьнца цхьаьна, Нохчийчоьнан Куьйгалхочо Кадечу штабан декъашхошна тIедиллира бахархошца кхеторан болх дIабахьар, цаьрга Роспотребнадзоран говзанчийн лехамаш кхочушбайтархьама, даздаршкахь а, тезеташкахь а, адамаш алссам вовшахкхетачу кхечу меттигашкахь а ларлуш, вовшийн лардеш хилийтархьама. Кхеташонехь иштта дийцаре дира COVID–19 ун долчу хьолехь республикехь долу экономикин хьал.
«Ас регионан правительствона тIедиллина Россин Федерацин Президентаца Путин Владимирца хиллачу сан цхьаьнакхетарехь хьахийна мел долу гIуллакхаш кхочушдар. Нохчийн Республикин министрийн кабинетан куьйгалхочо Хучиев Муслима хаам бира Россехь юккъерчу барамехь долчу тIегIанал лахара болчу берриге а гайтамийн хьесап деш хиларан а, и гайтамаш лакхабахарна кхачоен йолу план-график хIоттош хиларан а хьокъехь», – дерзийна Кадыров Рамзана оцу кхеташонан хьокъехь долу къамел.
Д.ПАШАЕВ
№48, асаран (июнь) беттан 26-гIа де