Хелхар – искусствон уггаре а ширачех цхьа кеп

Шира хелхар пантомимех схьадаьлла ду боху Iилманчаша.

Хелхар а, пантомима а хIинца искусствон тайп-тайпана жанраш елахь а, хелхаран мехала дакъа хилла лаьтта. Хелхаран а, музыкин а, поэзин а синкретизм дуккха а тIаьхьа кхоллало, хелхаран искусствон коьрта декхар эстетически хилла дIахIоьттинчул тIаьхьа.

Нохчийн хелхаран культура генарчу шираллера схьайогIу.

Вайн оьмарал 3 эзар шо хьалха Нохчийн махкахь карийначу культови йозанан статуэткаша а, ширачу гIишлойн тIулгаш тIехь дехкинчу адамийн суьрташа а тIаьхьакхиа гIо до вайна нохчийн Iадатийн хелхарийн цхьайолчу кепашна.

Эчигах йина буьхьигаш тIехь лаьттачу божарийн суьрташ (дуста нохчийн божарийн буьхьигаш тIехь дечу хелхарца) карийна, гIобанан археологин культурин материалашна юкъахь.

Хетарехь, истангийн бустамашца а хила тарло нохчийн божарийн а, зударийн а хелхаран суьртах хаамаш. Уггаре а хьалхарчу нохчийн хелхаран амалх лаьцна йозанан хаам бу, XVIII-чу бIешеран европин некъашгездархойн материалашкахь.

Графа Я.Потоцкийс ма-яздарра: « …ерриге юрт схьагулйой, боккха гуо беш, охьаховший, эшарш лоькхуш, шедаган мукъамца кегийрхой-хелхарчаш юкъакхойкхура, цаьрга шайн хьуьнарш гайтийта. Хелхаршца цхьаьна охьатохарех летара уьш. Цул тIаьхьа вовшашка куьйгаш лой, бехха цхьамогIа бой, эшарш лоькхуш, хелхабуьйлура уьш…».

Иштта, халкъан хелхаран а, иллин а ансамбль кхоллаяллалц нохчийн тобанийн, юкъара хелхарца хилла бохучу ойланна дуьхьал оцу хаамо гойту, уьш хьалха заманахь дуьйна хилла хиларал сов, церан акробатикин а, гимнастикин а дакъош хилла хилар.

Церан шираллах а, халкъан хелхаран таллархойн Iадаташца уьйр хилар а гойту цуьнан кепийн цIераша а: «чанболар», «канболар», «сайнболар».

Ча а, ка а, сай а беза лоруш хилла нохчийн, хетарехь, уьш ширачу заманашкахь тотемни акхарой хилла. Иза иштта хилла хилар гойту археологин материалаша а. Нохчийн юкъарчу а, шиннан а хелхарийн суьрто а, хатIо а гойту церан хьалха маьлхан культаца уьйр хилла хилар.

ГIобанан декоран символикехь а, тIаьхьо аланийн керамикехь а, юккъерчу бIешерийн петроглифашкахь а къаьсттина дика хаало нохчийн хелхар гуонан магица доьзна хилар.

Шен дакъалацархошка хьаьжжина нохчийн хелхарш юкъара а, шиннан а, цхьаьннан а хуьлу.

Шиннан а, цхьаьннан а хелхарш хила тарло божарийн а, зударийн а.

Вевзаш волчу этнографна С-М.Хасиевна хетарехь, юкъара халкъан хелхарш деш хилла шишша-веамма а, шишша-ялхамма а, шишша-бархIамма а, аьлча а церан куц-кеп классически свастикех тера хилла.

Маьлхан культаца а, иштта тайп-тайпанчу латталелоран культашца а доьзна хилла уьш.

Зорбане кечйинарг – Ибрагимов Ризван
№48, асаран (июнь) беттан 26-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: