Глинка Лизин цӀарах дерматологин а, аллергологин а туш а, хӀоллам а схьабиллина

ХӀокху деношкахь Соьлжа-ГӀаларчу Е.Глинкин цӀарахчу берийн клиникин республикин больницехь даздаран хьолехь дIадаьхьира Глинка Лизина лерина хӀоллам схьабеллар а, цуьнан цӀарах дерматологин а, аллергологин а туш схьаеллар а.

Цигахь дакъалоцуш вара НР-н могашаллаIалашъяран министр Сулейманов Эльхан, юкъараллин гӀоьналлин дуьненаюкъарчу «Справедливая помощь доктора Лизы» организацин Президент Демичева Ольга, «Аллея российской славы» проектан автор Бондарева Оксана, цаьрца цхьаьна вайн республике баьхкина лоьраш, ткъа иштта, Соьлжа-ГӀалин медицинин учрежденийн куьйгалхой.

Генетикин цамгарш йолчу берашна медицинин гӀо даран туш схьайиллина тояран белхаш чекхбевлча. Кхузахь эпидермоллизана а, аллергин кхечу цамгаршна а дарбанаш леладо. Дерматологин а, аллергологин а туьшахь 50 маьнга бу, царах 10 маьнга дийнахь хуьлучу стационарана лерина бу.

Цул сов, кхузахь, республикехь а цхьаъ бен йоцу аллергошкола а ю, берашна а, церан дай-наношна а аллерги карзахъяьллачу муьрехь тидаме эца дезарш хьоьхуш а, шайна гӀо дан Ӏамош а.

Республикин хьешаша, Е.Глинкин цӀарахчу берийн клиникин больницин балхе хьаьжча, нохчийн лоьраша бечу белхан лаккхара мах хадийра. Кхечу регионаша а вайн лоьрашна зеделлачух пайдаэца хьакъ хилар билгалдаьккхира.

Э.Сулеймановс баркалла элира, Глинка Лизин цӀарах дерматологин а, аллергологин а туш схьайоьллуш, ахчанца гӀо динчу А-Хь.Кадыровн цӀарахчу регионан юкъараллин фондана.

Сов хир дац Глинка Лизех аьлла дош. Глинка Лиза – Россин гӀараяьлла лоронколог, адамийн бакъанашларъярхо, юкъараллин гӀуллакххо, хӀусам йоцчу а, таро йоцчу а нахана орцахъяларца дуьненахь а евзаш яра.

2007-чу шарахь Юкъараллин гӀоьналлин дуьненаюкъара «Справедливая помощь» организаци вовшахтоьхнарг а яра иза. ТӀом болчу меттигашка (Донбассе, Шема) кхочура иза. Цо бакъ дош дӀаолура мел воккхачу хьаькаме а, муьлххачу а трибуни тӀера а. Иза халкъана езара, ткъа хьаькамаш цунах озалора.

Халкъалахь «Доктор Лиза» аьлла, цӀеяхана лор Киров гӀалахь дуьнен чу яьлла яра 1962-чу шарахь.

2016-чу шеран гӀуран (декабрь) беттан 25-чу дийнахь, Сочи гӀалина гена доццуш, кема хӀорда чу доьжна, кхалхар хилира дуьнен чохь нийсо лоьхуш яьхначу цуьнан.

З.ХИЗИРОВА
№48, асаран (июнь) беттан 26-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: