вина 1986-чу шарахь Нажи-юьртан районерчу Лекха-ГIоьрдалахь. Иласхан-ЮртахьIаш ву. 2005-чу шарахь Нохчийн пачхьалкхан университетан, филологин отделени деша вахана. Карарчу хенахь Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу «Некъ» nелерадиокомпанехь болх беш ву. Адам байташ язъян волавелла 10-чу классехь доьшуш волуш дуьйна. Цуьнан байташ арайийлина «Орга», «Вайнах» журналашкахь. Царах цхьаерш шун кхиэле йохку оха:
***
Iа деа, дорцаца даржош лайн юргIа,
Багарби ларамца мел боккху ког.
Шийлачу цIеналлехь гIов чIогIа гIергIа,
Юх-юха гIулч яха кхуьйлуш хьан дог.
Ас хIунда лоьху-те адамийн сакхташ,
Со хIунда Iаьмма-те еккъа уьш ган?
Дерриге вон долуш дацийца адамаш,
Со акха Iамарх доцуш кхин дан.
Со хIунда Iеми-те иштта сов акха?
ХIун гIуда ду-техьа хьаьрчинарг сох?
Со витац ахь?, – дийцахьа зама.
Я хьуна моьттура, кхетар вац хьох?
ХIунда яц хьо бехке, алахьа зама,
Ахь хIунда хIаллакви алахьа цкъа?
Мел цIена вара-кх со, кхуллуш со Дала,
Мискъалазарратал доцуш сайн къа.
Сох хIунда тийсало, дийцахьа зама,
Сох хIунда хьекхало хьан кIиллойн бала?
Хьуна хIун лаьа-те, алахьа зама?
…Я соьга диканца кхойкху-те хьо.
Хенара маьждиг
Ламанан кIажошкахь
ГIоьрдала лаьтта.
ГIоьрдалан цу керехь
Цхьа маьждиг лаьтта.
Маьждиган цу кIажахь
Къулли-хи дуьйлу,
Некъахой и молий
ПаргIата буьйлу.
И дина ма дара
Даздан тхан латта,
ТIаьхьарчу тIаьхьенна
Iамална латта.
Ткъа лаьтта тахана
Ша цхьалха дисна,
Юьртарчу нахана
Шен шовда дисна.
Юьртара бахархой
Жимбелла тахна,
Аренгахь Iер-дахар
Ду аьлла аьхна,
Замано ца буьтуш,
ДIабевлла уьш,
Шайхаша баьхнариг
Хеназа туьдуш.
Цхьа бIе шо дуьзира
Стохка и дина.
Дедайша, дайша и
ДугIуш къахьегна.
Мел зама хьовзарх
БIешарахь дера,
Ца кхиъна ларамза
Божа цхьа кхера.
Хьо хIунда лаьтта-те
Турпала тахна,
Зоьртала хьайн момсар
Iаьршашка яхна?
Ма тамаш бацара-кх
Хьо Iаьнна дахча,
Луьрачу бIешарехь
Ахь лайнарг дайча.
ГIоьрдала эвла юккъехь
Маьждиг ду лаьтташ,
Малх кхетча, наштаран
Тхов дато лепаш.
Цхьа дог сан хебира,
И дайча тахна.
Ша цхьалха дисина
Заманца къийса,
Ша цхьалха дисина
Дайшка сатийса.
***
«Буьйса ю Iаьржа» ма ала.
Iаьржа ду де, Iилма доцу.
Боданехь вац бIаьрса доцург.
БIаьрзе ву боданехь верг.
Са маьрша кхоьллина Дала.
Синна теме ду маьрша дерг.
Хоттучуьнга иштта дIааала –
«Вехаш ву са дехаш верг ».
Зорбане кечйинарг – З.ЧИНХОЕВА
№ 65, п1ераска, 12 июнь, 2015 шо