«Нохчийн мотт я бераллехь бийцина а, я школехь Iамийна а бацара оха, цундела, нохчийн маттахь еша ца хаьа суна», – олуш болу нах дукха бу вайна юкъахь.

Къоман мотт уггаре а хьалха шен доьзалехь, дас-нанас буьйцуш хезна, бевзина хила безаш бу берана. Цул тIаьхьа, берийн бешахь а, школехь а, юкъараллехь а тIеIамош хилча ца Ӏемаш буьсур бацара. Нохчийн доьзалехь бер кхиорехь мехала ду цунна шен ненан мотт жимачохь дуьйна а марзбар.
Вайн заманахь хIора бер бохург санна, берийн бешахь кхуьуш ду. Берийн бошмашкахь къахьоьгуш болу кхетош-кхиорхой шайна тIехь долчу жоьпаллех кхеташ хилар доккха хIума ду.
ХьастагIа, Соьлжа-ГIалин Висаитовн кIоштахь йолчу берийн №132 «Колокольчик» бешахь нохчийн маттана лерина «Ненан мотт – марзонан хьаьркаш» аьлла, семинар дIаяьхьира. Иза берашца болх бечу кхетошкхиорхошна лерина яра.
Даздарийн зала чохь семинаран темица йогIуш кечйина яра сцена. Нохчийн меттан хазаллах лаьцна йолчу семинарана кхачам боллуш кечам бина хилар хаалуш дара. Зала чуьрчу пена тӀехь семинаран цӀе язйинера.
Хьалха заманахь, наноша дӀаолучу аганан иллица хезаш хуьлура нохчийн мотт. Нохчийн мотт – бераллин мотт хуьлий, гуттарена а, ненан марзонан мотт хуьлий бехара вайца. Оцу темина лерина диллинчу суьртаца кечйина яра сцена.
Берийн бешан заведующин Хамзаева Маликин тIедилларца кхетош-кхиоран балхехула йолчу цуьнан заместитела Хасуева Хадижата доклад ярца дIайолийра семинар.
Кхетош-кхиорхочо Явмирзаева Тамилас а йира «Ненан мотт – сан дозалла» темина доклад. Нохчийн мотт хазбеш йолчу агIонех лаьцна яра иза. Нохчийн мотт нохчичун дахарехь даима а оьшур болу мотт хилар билгалдоккхура цо. Берашна иза марзбарехь дан дезачух дуьйцуш яра доклад.
Цул тӀаьхьа, нохчийн маттехула долу хаарш а зуьйш, викторина дIаяьхьира. Берийн бешан белхахоша, шина тобане бекъа а белла, къевсира шайн хаарш. Нохчийн халкъан кицанийн маьӀнаш достуш, нохчийн халкхан поэтийн байташ йоьшуш, шайн хаарш гайтира кхетош-кхиорхоша.
Схьагарехь, дешаран керлачу шарахь, берашца дӀахьош болчу кхетош-кхиоран балхах 50 процент болх а нохчийн маттахь хир болуш хилча, и тайпа семинараш кхин а алсам ян барт хилира.
Нохчийн мотт берашна хьоьхуш верг ша а ву иза буьйцуш а, безаш а хила везаш. Цунах дика кхеташ бара белхахой.
З.ХИЗИРОВА
№48, асаран (июнь) беттан 26-гIа де