Волонтерийн цхьааллин штаб кхоьллина «Единая Россия» партис

Партин жигархой а, ОНФ-н а, МГЕР-н а, «Мы — вместе» а, «Волонтеры Победы» а, «Волонтеры-медики» а боламийн векалш юкъа а боьлхуш, политикин «Единая Россия» партин волонтерийн цхьааллин штаб кхоьллина.

ГӀо-накъосталла оьшучу бахархойн а, лоьрийн а хьашташ кхочушдарехь къахьоьгур ду оцу штабо.

Оцу хьокъехь хаам бина партин Коьртачу советан секретара Турчак Андрейс.

«ХӀинццалц ца бинчу тӀегӀанехь бан безаш бу тахана волонтерийн болх. Оха-м и болх, бакъдерг аьлча, сацийна а бацара. Делахь а, хӀинца, волонтерийн могӀаре жигара болу керла-керла бахархой бало беза», — билгалдаьккхина цо.

Волонтерийн штабан балхана Ӏуналла деш МГЕР-н векалш хир бу.

Россин мел йолчу субъекташкахь шен болх дӀаболийначу оцу штабан жигархойн могӀарехь 100 эзар сов стаг ву.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: