Россехь а уггаре а ширачу театрех цхьаъ йолчу Красноярск гӀалара А.С.Пушкинан цӀарах йолу драмин театр гастролашца Нохчийн Республике кхаьчна.

Гастролийн хьалхарчу дийнахь театран труппо Х.Нурадиловн цӀарахчу Нохчийн къоман театрехь И.С.Тургеневн «КӀотарахь – бутт» пьесин буха тӀехь Марбер Патрика язйина йолу «КӀотарахь – кхо де» спектакль гайтира асаран (июнь) беттан 24-чу дийнахь.
Гастролаш дIайолочу даздаршкахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин культурин министр Дааев Хож-Бауди а, Красноярскерчу А.С.Пушкинан цӀарахчу драмин театран директор Аникин Петр а, Х.Нурадиловн цӀарахчу Нохчийн къоман театран исбаьхьаллин куьйгалхо-директор, Россин Федерацин культурин хьакъйолу белхахо, Нохчийн Республикин халкъан артистка Ахмадова Хьава а.
Спектакль йолалуш хьешашка къамел дира Дааев Хож-Баудис.
Красноярскерчу театран труппин коллективе маршалла а хоттуш, цо доккха баркалла элира Красноярскера цӀайирзинчу нохчийн театрана хьошалла дарна, иштта, тешийра, Красноярскерчу театран спектаклаш нохчийн хьовсархоша даггара тӀеоьцург хиларх.
А.С.Пушкинан цӀарах йолчу драмин театран директора Аникин Пётра билгалдаьккхира нохчийн а, сибирхойн а амалш а, Ӏалам а вовшах терадогIуш хилар… СовгӀатана Красноярскерчу театран эмблема тӀехь йолу сахьт а делира цо.
Спектаклаш гайтарехь Красноярскерчу театран аьтто хила лаар хаийтира Хь.Ахмадовас а.
«КӀотарахь – кхо де» спектаклан режиссер Рыбкин Олег ву. И.С.Тургеневн «КӀотарахь – бутт» пьеса, жимма хуьйцуш (вариаци еш), Марбер Патрика язйина ю «КӀотарахь – кхо де» пьеса. Иза оьрсийн матте гочйина Варшавер Ольгас а, Тульчинская Татьянас а.
Спектаклан премьера 2018-чу шарахь хилира. Хьовсархоша езаш тӀеэцна иза. ХӀинца вайн республикин бахархойн а, хьешийн а аьтто бу цуьнга хьажа.
З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
№49, асаран (июнь) беттан 30-гIа де