2019-чу шеран лахьанан (ноябрь) беттан чаккхенехь дара Чинин пачхьалкхан Ухань гIалахь коронавирусан ун гучудаьлча. Цул тӀаьхьа Малайзи пачхьалкхе кхечира и. Цомгашнаш тIеоьцуш, царна дарба деш, шайн могашаллина а кхерам болушшехь, тӀеман муьрехь санна, къахьийгира лоьраша.

Къилбаседа Кавказ а, вайн республика а ца йисира уьнан балано ца лоцуш. ХӀетахь вайн махкахь хилларг а, оцу цамгаро дӀабаьхначу вайн махкахойх дерг а, юха дийца ца оьшуш, вайна массарна а хууш а ду.
Цхьана юкъанна сецна дара ун даржар. Ткъа хӀинца, Москвара кхочучу хаамашца, цигахь а, Нохчийн Республикин могашаллаӀалашъяран министра Сулейманов Эльхана бечу хаамца вайн республикехь коронавирусан ун хьакхаделларш алсамбевлла.
Асаран (июнь) беттан 23-чу дийнахь Нохчийн Республикин могашаллаӀалашъяран министерствехь дӀаяьхьначу кхеташонехь министра хаам бира коронавирусан ун даржар алсамдолуш хиларан хьокъехь.
Оцу кхеташонехь, иштта, дийцаре дира республикин бахархойн медицинин хьашташ кхочушдаран болх жигарабаккхарх дерг а.
Къоман «МогашаллаӀалашъяр» проект кхочушъяран гурашкахь республикин медицинин учрежденехь керла гӀирсаш эцарх а, керла объекташ яйтаре хьашто хиларх а дерг хьахийра цо.
Хууш ма-хиллара, коронавирусан ун даржаре хьаьжжина, цхьайолчу регионашкахь карантин кхайкхийна. Нохчийн Республика цкъачунна яц оцу регионашна юкъахь. ХIокху деношкахь Нохчийн Республикехь жигара дӀахьош ду вакцинаци яйтар. ХӀора а кӀоштан медицинин учрежденешкахь вовшахтухуш ду прививкаш яйтар, оцу балхана оьшу хьелаш кхоьллина а ду.
Иштта, министра тидам тIе бахийтира Хьалха-Мартанан кӀоштан больницина.
– Республикехь а, кхечу регионашкахь санна, кхозлагӀа хаалуш ду коронавирусан ун даржар. Халахеташ делахь а, Россехь яржа йолаелла «индийски» олу штамм. ХӀоьттинчу хьолехь вакцинаци яйтар бу «COVID-19» уьнна дуьхьало яран нийса некъ, – билгалдаьккхира Э.Сулеймановс.
З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
№49, асаран (июнь) беттан 30-гIа де