ХӀокху шеран Пачхьалкхан коьртачу экзаменех тӀаьххьарлера информатикин а, ИКТ-н а экзамен дӀаелира Нохчийн Республикин дешархоша — асаран (июнь) беттан 24–25-чуй деношкахь шайн хаарш зийра республикин 437 дешархочо (царах 57 стаг дӀадаханчу шерийн арахецархой бу).

ХӀокху шарахь дуьххьара компьютершна тӀехь дӀаелира информатикин а, ИКТ-н а экзамен.
2020-чу шарахь и экзамен кехатийн кепехь, бланкаш тӀехь язъеш, дӀалуш яра. Экзамен дӀаяларна аьтто беш, иза дӀаялар шина денна декъна дара.
2021-чу шарахь Пачхьалкхан коьрта экзаменан тӀедахкарш компьютеран кепехь кхочушдаро гӀо до экзамен дӀаялар тодарехь а, иза керлачу кепехь дӀаяла Ӏамарна тӀехь а.
Зерашна юкъа 27 тӀедиллар догӀура, царах 10 тӀедиллар базови, 13 кхин а чолхечу, 4 лаккхарчу чолхаллин тӀегӀанехь дара.
ТӀедахкарш кхочушдан луш йолу хан 3 сахьт а, 55 минот а яра.
Республикин дешаран а, Ӏилманан а министерствос хаам барехь, вайн республикехь информатикин а, ИКТ-н а декъехула йолу Пачхьалкхан коьрта экзамен дӀаяла билгалъяьккхинарг 15 пункт яра.
Зеран экзамен дӀалуш, эпидемин кхерамазалла ларъярна тӀедоьгӀна, тидаме оьцуш бара Роспотребнадзоран а, Рособрнадзоран а бехкамаш.
З.ХИЗРИЕВА
№49, асаран (июнь) беттан 30-гIа де