Дуьненаюкъарчу турнирехь — Абубакаран толам

Волгоградехь, дукха хан йоццуш, дIаяьхьира кегийрхошлахь хьалхе яккхаран Дуьненаюкъара греко-римски кепара охьатохархлатарехула турнир. Цигахь дакъалоцуш вара Россин 45 регионера 300 сов спортсмен. Уьш 11 йозаллин категорешкахь бара.

Вайн республикера оцу турнирехь дакъалоцуш 3 спортсмен вара.

Къийсадаларш кхаа дийнахь дIадаьхьира… Хьалхара меттиг а, дашо мидал а яьккхира цигахь Арсамирзоев Абубакара (38 кг).

У.Товбулатовн цIарахчу спортан школин командин векала Тулаев Беслана билгалдаккхарехь, 500 эзар сом ахча делира толам баьккхинчу Арсамирзаев Абубакаран тренерна Товбулатов Илесана, иштта, суьдахочунна В.Тарамовна леррина совгӀат а дира.

Толамхой билгалбехира кубкашца, мидалшца, Сийлаллин грамоташца.

З.ШИШХАНОВА
№49, асаран (июнь) беттан 30-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: