Кадыров Рамзан: Вайн Президентан а, юкъараллин а лааме ла а доьгIна, со реза хилла харжамашкахь дакъалаца

«Единая Россия» партин Нохчийн регионан отделенин 36-гIа конференци хилира Соьлжа-ГIалахь. Цигахь дакъалоцуш вара республикин гIаланашкара а, кIошташкара а 178 делегат.

«Конференцехь дийцаре дан юкъадиллинарг деккъа цхьа гIуллакх дара. Иза коьрта а, мехала а гIуллакх дара: «Единая Россия» партин Нохчийн регионан отделенин цIарах Нохчийн Республикин Куьйгалхочун дарже кандидат хьалхататтар. Къайлаха кхаж тасарца Нохчийн регионан отделенин декъашхоша массара а кхаж тесира соьгахьа», – яздина «ВКонтакте» йолчу шен агIонехь Кадыров Рамзана.

Харжамашкахь дакъалацаран хьокъехь долчу гIуллакхан хадам боллуш сацам бина вацара иза тIаьххьалц.

«Ас ондда сацам бинера, нагахь санна, вайн бахархойх масех процент берш а дуьхьал хилахь, ас сайн кандидатура харжамашна юкъайохуьйтур яц аьлла. Суна къастамаллин хилира вайн Къоман баьччин Путин Владимиран а, Нохчийн Республикин халкъийн дерригдуьненан гуламан делегатийн а, «Единая Россия» партерчу сан (коллегийн а) накъостийн а кхайкхам. Президентан а, юкъараллин а лааме ла а доьгIна, со реза хилира харжамашкахь дакъалаца», – яздина регионан Куьйгалхочо.

Цо баркалла аьлла конференцин дакъалацархошна шайн харжам шен кандидатурина тIехь сацорна.

Цо дийцарехь, къайлаха кхажтасарца бина сацам, цунна боккха сий-ларам а, жоьпалла а ду.

«Сайна белла тешам ларбархьама, ас сайн ницкъ, таронаш, ур-атталла дахар а кхоор дац! Мехала хан харжамашна хьалхара ваIданаш дарна а, агитаци ярна а яйъа дагахь вац со. Сайн халкъан дахар-Iер тодарехьа билггал гIуллакхаш дийр ду ас. Муьлххачу дешнел тешош ма ду уьш. Таханлера республика цунна бIаьрла масал а ду! Дуккха а шерийн дохаллехь оцу некъа тIехь къахьоьгуш а ву со, цу тIера дIахьовза а, юхавала а дагахь а вац», – дерзийра Кадыров Рамзана.

Д.ПАШАЕВ
№49, асаран (июнь) беттан 30-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: