Нохчийчохь хилира Федеральни казначействон куьйгалхо Артюхин Роман

Белхан гIуллакхца Нохчийн Республикехь хилира Федеральни казначействон куьйгалхо Артюхин Роман. Цуьнца цхьаьна вайн регионе веара цуьнан заместитель Исаев Iела.

Федеральни казначействон Нохчийн Республикехь йолчу урхалло шен болх юха дIаболийна 21 шо кхачарна лерина йолу официальни мероприяти дIайолаялале хьалха Артюхин Роман Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолчу Сийлаллин мемориальни комплексехь хилира. Цо зезагийн курсаш ехкира Кадыров Ахьмад-Хьаьжин хIолламна хьалха.

«Артюхин Романца цхьаьна ас дакъалецира даздаран мероприятехь. Иза керлачу гIишло чохь хилира. Федеральни казначействон Нохчийчохь йолчу урхалло шен болх юха дIаболийра чIогIа чолхе еанчу хенахь. ЛартIехь чоьнаш, зIе, балхана оьшу гIирсаш, офисийн техника, ткъа иштта, корматаллин белхахой бацара. Цу хенахь республикехь дукха бара террористаш а, экстремисташ а. Регионехь туристаш хир бу бохучуьнга тхо сатуьйсуш а дацара», – бохура регионан Куьйгалхочо.

Цо билгалдаьккхина ма-хиллара, 21 шо даьлча дерриге а орамашкара дуьйна хийцаделла. Республика сиха кхуьуш ю. Ткъа бюджет хьулам боцуш хиларца регион махкахь тоьллачарах ю. Цо тоьшалла до Казначействон урхаллин белхахой шайн декхаршца хьакъ ма-дду ларош хиларна.

2020-чу шарахь урхалло Россин бюджетни системе дIадахьийтина 200 миллиард сов сом ахча.

«ЧIогIа хазахеташ дара Роман Евгеньевича Исаев Iелин корматаллин гIуллакхийн лаккхара мах хадор а, цуьнан дика амал хастор а. Цо билгалдаьккхира Абубакаран Iела гIиллакхе, оьзда, хьанал стаг хилар, шен дешан да хилар. Роман Евгеньевича дийцарехь, казначействон система шен боккха сийларам баре кхаьчна Исаев Iела бахьанехь, цо балхана юкъаюьллу шен къинхьегаман хазна бахьанехь», – яздина Нохчийчоьнан Куьйгалхочо.

Оцу даздарехь Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана Артюхин Романна совгIат дира «Нохчийн Республикин дуьхьа хьуьнарш гайтарна мидалца.

Исаев Iелина «Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин иэсана» мидал елира, Федеральни казначействон Нохчийчохь йолчу урхаллин куьйгалхочун заместительна Амирхаджиев Iийсана «Нохчийн Республикин хьакъволу экономист» сийлаллин цIе елира, ткъа Артюхин Романа Федеральни казначействон лаккхара совгIат делира Кадыров Рамзанна – графан Л.И.Васильевн мидал.

Д.АНАДЕВ
№49, асаран (июнь) беттан 30-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: