Мобильни «Билайн» операторан зӀенан дикалла лакхайоккхур ю

Карарчу хенахь болх бечу станцийн дикалла а лакхайоккхур ю, иштта, къаьсттина терго лаьмнийн кӀошташна а еш, керла станцеш а хӀиттор ю.

Нохчийчохь и болх бан лерина ю мобильни «Билайн» оператор. Оцу хьокъехь хаам бина Нохчийн Республикин транспортан а, зӀенан а министра Черхигов Рамзана.

Цо билгалдаккхарехь, бахархойн а, туристийн а мобильни зӀенаца доьзна хьашташ лакхадуьйлуш хиларна, и болх къаьсттинчу тидамехь латтош бу ведомствос.

№50, мангалан (июль) беттан 3-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: