Карарчу шеран товбецан (сентябрь) беттан 19-чу дийнахь Нохчийчохь дӀахьур болу харжамаш бовзийтаран хаамийн баннерш яржо йолийна гӀаланашкахь а, ярташкахь а.
Оьрсийн маттахь хилла ца Ӏаш, нохчийн маттахь а ю уьш… Цара хоуьйту тӀекхочуш Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Нохчийн Республикин Парламентан V-чу кхайкхаман депутатийн а харжамаш хилар.
И болх республикин Харжамийн комиссин векалша дӀаболийна а, кхидӀа бийр болуш а бу.
№50, мангалан (июль) беттан 3-гIа де