Дийцаре дина Соьлжа-ГӀалахь керла вокзал яран гӀуллакх

Проектан болх а дӀабирзина, экспертиза а чекхъяьлла – дӀахьош бу вокзал яран болх. Соьлжа-ГӀалахь ечу цIерпоштнекъан вокзалан хьокъехь иштта ала догӀу.

Белхаш «Соьлжа-ГӀаларчу вокзалан комплексана реконструкци яр» проектан гурашкахь дӀахьош бу.

И гӀуллакх дийцаре дина Нохчийн Республикин Премьер-министра Хучиев Муслима а, Россин цIерпоштнекъийн генеральни директоран заместитела Макаров Андрейс а Москвахь дӀадаьхьначу цхьаьнакхетарехь.

Вокзалан хьокъехь дуьйцуш, Нохчийчоьнан министрийн кабинетан куьйгалхочо билгалдаьккхина иза бегIийлан а, кхерамзаллин а дуьненаюкъарчу лехамашца йогӀуш хирг хилар.

№50, мангалан (июль) беттан 3-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: