Чоьхьарчу гӀуллакхийн министерствон структурехь цхьамогӀа хийцамаш бина.
Ведомствехь билгалдаьккхина ма-хиллара, Чоьхьарчу гӀуллакхийн министерствон объектийн гӀаролан батальонан куьйгалле Саидов Абусупьян хӀоттийна, хӀинццалц оцу даржехь къахьегна Сайдуев Хьамид Итон-Кхаьллан кӀоштан чоьхьарчу гӀуллакхийн отделан куьйгалле а вохуьйтуш.
Иштта, Наркотикаш лелорца къийсам латторан урхаллин куьйгаллех а хьакхабелла хийцамаш: хӀинццалц Урхаллин куьйгаллехь лаьттина Делимханов Гайрбек Шуьйтан кӀоштан чоьхьарчу гӀуллакхийн отделан куьйгалле вахийтина, ткъа цуьнан метта, Урхаллин хьаькаман декхарш кхочушдан, полицин подполковник Ирасханов Ӏийса хӀоттийна.
№50, мангалан (июль) беттан 3-гIа де