Хууш ма-хиллара, нохчийн меттан йоза керлачу бакъонашка доьрзуш ду тӀедогӀучу шеран хьалхарчу дийнахь дуьйна.
Цуьнца доьзна, хӀинццалц хилла йозанаш оцу лехамца догӀуш хилийтаран Ӏалашо а йолуш, леррина программа кхуллур ю Нохчийн Республикин Ӏилманийн академин Пайдечу семиотикин отделехь.
Оцу программин гӀоьнца «нислур» ду нохчийн меттан шира а, хӀинццалц мел хилла а йозанаш – цо керлачу бакъонийн лехамашка дерзор ду уьш.
Цунах доккха гӀо-накъосталла хир ду хьехархошна а, студенташна а, меттан говзанчашна а, иштта, журналисташна а.
№50, мангалан (июль) беттан 3-гIа де