ГаланчӀожан кӀоштахь дӀахьош ду некъаш дахар

«Буммат – ГаланчӀож – Роьшни-Чу» некъаца хир ю ЭнаХишкан а, ГаланчӀожан а, Хьалха-Мартан а кӀоштийн вовшашца йолу автомобилийн некъийн зӀе.

Иштта, ГаланчӀожан кӀоштахула Эна-Хишкан а, Итон-Кхаьллан а кӀоштийн автомобилийн зӀе яран декъехь а къахьоьгуш бу Нохчийн Республикин автомобилийн некъийн министерствон говзанчаш – «Буммат – Итон-Кхаьлла» некъ боккхуш бу уьш.

Оцу белхашка а хьожуш, меттахӀотточу ГаланчӀожан кӀоштахь хилла республикин Парламентан спикер Даудов Мохьмад.

Нохчийчоьнан Куьйгалхочун дӀадолорца меттахӀотточу оцу кӀоштахь белхаш жигара дӀахьош хилар билгалдаьккхина цо – некъаш тодарна а, дахарна а тӀера архитектурин хӀолламаш меттахӀитторан биста кхаччалц.

№50, мангалан (июль) беттан 3-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: