Пачхьенехь керла аэропорт яран белхаш тӀедогӀучу шарахь дӀаболор бу

Куьйгаллехь Нохчийн Республикин Премьер-министр Хучиев Муслим а, Россин Пачхьалкхан Думин депутат Делимханов Адам а волуш, Соьлжа-ГӀалахь дӀаяьхьна пачхьенехь керла аэропорт яран проект йийцаре ярна лерина кхеташо.

Цигахь дакъалаьцна федеральни «Администрация гражданских аэропортов» а, «Аэропроект» а, «Ространсмодернизация» а предприятийн векалша.

Хучиев Муслима хаийтина проектан а, сметин а кехаташ кечдаран болх чекхболуш хилар.

Цул тӀаьхьа оцу кехаташна пачхьалкхан экспертиза йойтур ю, ткъа ша аэропорт яран болх, проектаца нийса а догӀуш, тӀедогӀучу шарахь дӀаболор бу.

№50, мангалан (июль) беттан 3-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: