Серберчу бусалбанаша Кадыров Рамзане шайна хьафизийн хьуьжар яр дехна

Серби пачхьалкхан бусалбанийн динан урхалло Нохчийн Республикин Куьйгалхочуьнга Кадыров Рамзане дехна Рашски областехь шайна хьафизийн хьуьжар яр. Оцу хьуьжарна Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIе тилла лууш бу уьш.

Цу хьокъехь хаам бира дуьненаюкъара «горга стол» дIахьочу хенахь Европерчу бусалбанийн форуман председатела Ниязов Iабдул-ВахIида. Ткъа и «горга стол» дIаяьхьира хIокху шеран асаран (июнь) беттан 30-чу дийнахь Нови Пазар гIалахь.

«Горгачу стоьлан» дакъалацархоша, мехала де – Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин 70 шо кхачаран де – тIекхочуш хилар билгал а доккхуш, Нохчийн Республикин тхьамда Кадыров Рамзан бусалбанашна, цу юкъахь Балканехь болчу бусалбанашна гIо дан лууш хилар а хууш, Нохчийчоьнан куьйгалле дехна регионехь уггаре а йоккха Къуръан-хьафиз хьуьжар Нови Пазар гIалахь яр», – билгалдаьккхина оцу хаамехь.

I-В.Ниязовс хаамехь аьллачунна тIетоьхна: «Сербин бусалбанаш сатийсамца хьуьйсу шайн нохчийн вежарий болчу агIор. Цара цкъа хьалха саьлнашкара гIаттийра шайн республика, хIинца гIо до кхечу мехкашкахь дин чIагIдан».

2011-чу шарахь бахархой багарбаран хаамашца нийса а догIуш, Рашски областехь бехаш болчу бахархошна юкъахь 82 процент бусалбанаш бу.

ТIаьхьарчу шерашкахь цара леррина тидам тIебохуьйту тIекхуьуш йолу къона тIаьхье ийманехь кхетош-кхиорна.

Д.АНАДЕВ
№50, мангалан (июль) беттан 3-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: