Баркалла ала хьакъ бу

«Даймохк» газетан редакце воккханиг веача къаьсттина  хазахета тхуна. Дукха хан йоццуш ду, де дика деш «Ас лоьхурш шу дуй-техьа?» – аьлла забар еш, вайн баккхийчара хьалха заманахь лелийна оьзда духар, вета болу  коч, когахь эткаш йолуш, куц оьзда стаг веача.

«Нохчийн газет лоьхура ас, сайн гIуллакхе хьаьжначу,  сайна дарба динчу лоьрашна баркалла ала» – довзийтира цо ша деанарг.

Алды поселкерчу  Шайх Мансуран цIарахчу  маьждиган имам  Латаев  Хьамид вара иза. Цо дийцира:

8-чу майхь дара лазаро  хьовзийна, сайн дегI карара даьлла со больнице вигича. Соьлжа-ГIалин Кировн поселкерчу №7 йолчу больнице охьавиллира со. Дог  цуьнца цхьаьна  зорха а, жаннаш а, пехаш а лазадевллера. Бакъдерг дийцича, сайх дог диллина вара. Жима а ма ваций со, 73 шо кхаьчна карарчу  шеран 1-чу майхь. Делан пурбанца цхьа оьзда,  къинхетаме, шайн белхан дика говзанчашна тIе нисвелла, де-дийно толуш, когахIоьттира со. Хууш ма-хиллара, больницашна, лоьрашна башха реза ма дац вай.  Оцу больницин лоьраша дукха резавина,  товина, ира-кара хIоттийна цIавеара со.

Уггаре а суна тайнарг бара цигахь йолу цIано, низам. Кхача а цIахь санна чомехь бара. Лоьраша маха  бисмилла даьккхиний бен ца тухура. Иштта шаьш мел деш долу хIума а бисмиллица дора. Лоьраша а, санитаркаша, ур-атталла стажировке баьхкинчу студенташа а лело ма-деззара хаза гIиллакх леладора. Со терапин отделенехь вара. Цуьнан заведующи Исрафилов Исрапил ша а, бусалба дог-ойла йолуш, дархошца собаре, къинхетаме стаг ву. Цунах доьзна, цуьнан жоьпалле хьаьжжина дIанисбелла  бу аьлла а хета  суна  оцу  отделенин болх. Даггара баркалла ала лаьа Исрапилна, цуьнан коллективина а. Царах бу лоьраш – ординаторш Акаев Рустам, Исаева Зулихан,  Хасанова Мовлатхан, Дадаева Айзан, коьрта медйиша Шаипова Хьава, медйижарий – Р.Хаджимурадова Ш.Элькагаева, М.Зубайраева, З.Абдурзакова, санитаркаш – А.Хусаинова, Р.Бестаева, М.Касумова.

Дина дика цадов цкъа а. Жимачохь дуьйна а бусалба динца шовкъ-марзо лаьттина ву со. Сийлахь Къуръан доьшуш ву. Вай дина диканаш, вай даьхна сагIанаш карор ду боху АллахI-Дала. Цундела, хазахета лоьраш къинхетаме хилча. Кировн поселкерчу №7 больницин куьйгаллина а, Исрафилов Исрапилна а, церан гIоьнчашна а  даггара баркалла ала  лаьа суна. Далла хастам бу шу иштта оьзда, дика уьш болуш,  Дела реза хуьлда царна. Дала йоле-меле  яздойла царна шаьш мел дина гIуллакх, мел лаьцна гIиллакх».

З.ЭЛЬДЕРХАНОВА

№ 65, п1ераска, 12 июнь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: