Россин Федерацин Президентан Путин Владимиран Россехь чоьхьара турзим кхион езаш хиларан хьокъехь долу хетарг къобалдарца тIеэцна Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Цу хьокъехь цо хаам бина Телеграм-каналехь йолчу шен агIонехь В.Путинан «ДуьххьалдIа зIе» чекхъяьллачул тIаьхьа.
«Россин Президента Путин Владимира «ДуьххьалдIа зIе» дIахьочу хенахь билгалдаьккхира чоьхьарчу туризман мехаш тIекхетта хилар COVID–19 пандеми бахьанехь дозанаш дIакъовларца доьзна хилар. Пачхьалкхан куьйгалхочо дийцира берриге а мехкаша шайн дозанаш схьадиллина цахиларх а, дозанаш схьадиллинчу мехкашка кхача, цига дахаран бакъонаш хаддаза хуьйцуш хиларна, туристашна хала хиларх а лаьцна. Иза адам тIеозош хIума дац. Владимир Владимировича масална Желтойчоь ялийра», – яздина Кадыров Рамзана.
Нохчийчоьнан Куьйгалхочо билгалдаьккхира Россин Къилбе адам схьататтадалар Президента туризман мехаш лакхадовларца доьзна хилла хилар.
«Вайн Президента аьлла ма-хиллара, оцу дозанаш деттаро а, бехкамаш баро а тIедалийна российски туристически инфраструктурина мехкан къилбехь болх тIех совбаккхарна. Цул сов, цо туризман мехаш алсамбахарна тIе а далийна. Хьал цу тайппана хиларан кхин цхьа бахьана а далийра Путин Владимира. Иза туризм кхиорна хьалха кIеззиг харжаш еш хилла хилар ду. Иза иштта нисделла хьалха нахана кхечу мехкашкахь садаIар гIолехь хеташ хилла хиларна», – билгалдаьккхина Р.Кадыровс.
Вайн республикин Куьйгалхочо дийцарехь, чоьхьара туризм кхион еза.
«Президентана хеташ дерг дерриге а къобалдо оха, реза ду чоьхьара туризм кхион езаш хиларна, болх беш йолу курорташ кхин а бегIийла ян езаш хиларна, керланаш ярна тIехь болх бан безаш хиларна», – яздина цо.
Кадыров Рамзана тидам тIебахийтира Нохчийн Республикехь дикка хьалха дуьйна туристийн тидам тIегIон болу агIонаш кхиорна тIехь болх беш хилла хиларна.
«Нохчийн Республикехь оцу декъехь болх беш болу дикка хан ю. И бахьанехь вай долчохь дIагайта хIума а ду, садаIа меттигаш а ю. Болх беш ю «Къоьзан-Iам», берриге а муьрашкахь лаьмнашкахь когсалазаш хехкаран «Ведучи» курорташ а, «Нихалара чухчареш» садаIаран база а, культурин-историн тIаьхьалонийн дуккха а объекташ а санна йолу меттигаш. Оцу исбаьхьаллех, хазаллех ирс эца дуккха а туристаш богIу Нохчийчу Россин тайп-тайпанчу регионашкара а, дозанал арахьарчу мехкашкара а», – яздина вайн республикин Куьйгалхочо.
Кадыров Рамзана иштта дIахьедира туристийн хьашташ кхочушдарна мехаш тIетоха ойла цахилар.
«ТIаьхьарчу цхьана шарахь оха туристийн официальни маршруташ 151-га кхаччалц алсамъяьхна. Царна юкъахь ю гIаш, вилспеташкахь некъ бар дезачарна лерина маршруташ а, ткъа иштта джип-тураш а. Республикин аренашца а ю башха маршруташ. Мехаш лакхара дац. Уьш алсамдаха ойла а яц. Оцу декъехь баьхначу кхиамашна тIехь совца дагахь дац тхо. Курортийн зонаш кхиор, шоръяр кхул тIаьхьа а дIахьур ду», – дерзийна Кадыров Рамзана шен йозанаш.
Д.ПАШАЕВ
№50, мангалан (июль) беттан 3-гIа де