Промышленность кхиоран фонд кхуллур ю

Пачхьалкхо дакъа а лоцуш, республикехь болх бечу коммерцин йоцчу организацийн буха тӀехь Промышленность кхиоран фонд кхолла ойла ю.

И гӀуллакх дийцаре дина Нохчийн Республикин вице-премьера Магомадов Ӏабдуллас дӀаяьхьначу кхеташонехь.

Цигахь билгалдаьккхина ма-хиллара, промышленностан декъехь Нохчийчохь кхочушъечу инвестицийн проекташна гӀо-накъосталла деш хир ю и фонд.

Иза кхолларан гӀуллакх таллар тӀедиллина Промышленностан а, энергетикин а, Экономикин а, мохк кхиоран а, махлелоран а министерствошна.

№50, мангалан (июль) беттан 3-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: