Вайн къоначеран рогӀера кхиамаш

Лермонтов гIалахь дIаяьхьира кегийрхойн греко-римски кепара охьатохархлатарехула схьайиллина турнир. Цигахь дакъалоцуш Россин 20 регионашкара 130 сов спортсмен вара.

Къийсадаларш деа дийнахь дIадаьхьира… Цигахь хьалхара меттигаш ехира – Алиев Арсана (27 кг) – СШ№2, Аюбов Артура (60 кг) – РСШ СБ, шолгIа меттигаш – Яхиханов Халида (38 кг) – РСШ СБ, Магомадов Муслима (30 кг) – РСШ СБ, кхоалгIа меттигаш ехира №2 йолчу спортан школерчу Мустаев Алихана (58 кг) а, Хакимов Iумара (33 кг) а.

Оцу кхиамашка вайн спортсменаш кхачийнарш бу, уьш Iамийна церан тренерш: И.Исраилов, А.Ядаев, М.Магомадов, Б.Гулаев.

Толамхой билгалбехира кубкашца, мидалшца, Сийлаллин грамоташца.

З.ШИШХАНОВА
№50, мангалан (июль) беттан 3-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: