ДIадаханчу бIешеран 70-чу шерашкахь «Ленинан некъ» (хIинца «Даймохк») газетан редакце балха веара жима стаг Яхъяев Хьасамби. Хьалхарчу деношкахь дуьйна билгалделира иза яздаран корматалла дика карайирзина, говза журналист хилар. Хьасамбина дика евзара газетан ерриг а жанраш. Хуьлда иза могIарера хаам, я проблемни статья, я очерк, я репортаж – ерриге а жанраш муьтIахь яра цуьнан шарбеллачу къоламна.
Цуьнан материалаш гуттар а хуьлура кIорггера чулацам болуш, язъеш йолу тема говза гойтуш, журналистикин лаккхарчу корматаллица язйина. Хьасамбис кечйинчу материалашца цкъа а ца хуьлура цхьа кега-мерса Iиттарш яр, я шена девзаш доцчу гIуллакхех лаьцна дийца гIертар. Мел ира критика еш къамел хилча а, цуьнца дацара цхьа стаг я тоба, бух боцуш бехке яр, сий дайъа гIертар. Нагахь цо фельетон я публицистикин материал язйинехь, цо бехкевеш верг дукха хьолахь вогIура иза волчу. «Баркалла хьуна сан кхачамбацар гайтарна, иза дIадаккха некъ хьехарна, суна нийсаниг, пайдехь дерг гайтарна», – олура цуьнга.
Белхан коллективах воьлла, шарвеллачул тIаьхьа дукха хьолахь Хьасамбина тIедуьллура уггаре а жоьпаллин критически, проблемни, я кхийолу материал язъяр. И декхар цо лаккхарчу корматаллица кхочуш а дора.
Шен балхахь оьшуш долу нийсаниг, пайдехь дерг лоьхуш, хийла некъаш дора цо районийн бахамашкахула, аренашкахула, лаьмнашкахула, цигарчу исбаьхьчу меттигашкахула. Даймахкахула некъаш деш, чIогIа самукъа а долура Хьасамбин. ТIаьхьарчу шерашкахь цо язйина статьяш, очеркаш вайн лаьмнашкарчу яккхийчу хазнех, вайн бIаьвнех, Iаламах, дежийлех, оцу меттигийн яккхийчу таронех лаьцна дуьйцуш хуьлура. Цигара ша юхавирзича, тхуна, шен накъосташна, дийца а, газетан майда ца тоьъча, республикехь арадовлуш долчу литературно-исбаьхьаллин «Орга», «Вайнах» «Нана» журналашна тIехь зорбатоха а дуккха а дийцарш хуьлура Хьасамбин. Цунна чIогIа лаьара оцу лаьмнийн яккхийчу таронех нохчийн халкъан дуьхьа пайдаоьцийла.
Балхахь кхуьуш, шен журналистан корматалла хIора де-дийне даларца лакхайолуш, шарлуш дIавахара Хьасамби. «Ленинан некъ», тIаьхьа «Даймохк» газетан могIарера белхахо хиллачуьра тIаьххьарчу хенахь похIме журналист, яздархо хилла дIахIоьттира иза.
Шен материалашкахь Хьасамбис дуьйцура нохчийн халкъан исторех, вайн дайн хьалха хиллачу ширачу дахар-Iерах, Iадатех, гIиллакхех, луларчу республикашкарчу къаьмнашца нохчийн хиллачу доттагIаллин юкъаметтигех лаьцна. Цунна чIогIа лаьара шаьш кхетош-кхиоран кхечу экъанна тIе бевллачу, къаьсттина нохчийн халкъ махках даьккхина, цхьана хенахь кхечу хьелашкахь баьхначу, вайн республикехь хиллачу тIемаша кхитIе а шайн дахар хийцинчу вайн кегийрхошна къоман хьалха хилла оьзда дахар, Iадаташ, гIиллакхаш юххера девзийла, уьш царна тIе юхабоьрзийла. Цуьнан кхоллараллехь хьалхарчу меттехь ву къинхьегаман стаг, могIарера вахархо, амма оццу хенахь вуьззина къонах, оьзда, гIиллакхе стаг. Хьасамбис нохчийн халкъан дахар, гIиллакхаш кIорггера довзарца даггара яздора нахана, гергарчарна юккъерчу юкъаметтигех, царна юккъехь хила безачу сий-ларамах, оьздангаллех лаьцна. Иза ша а вара оцу ойланехь. Цундела цунна даггара лаьара массо а оцу кепара дог-ойла йолуш хуьлийла, массо а вовшашна эшначохь шен са дIадала, муьлххачу а хенахь гIо-накъосталла дан гуттар а кийча хуьлийла.
Хьасамбина даггара дукхабезара нохчийн мотт, цуьнан сий дора цо, цунна дика хаа а хаьара иза. Цо яздинчу дийцарийн а, материалийн а, накъосташца, шена гуонаха болчаьрца цо буьйцуш болу а мотт, иза ша а ма-хиллара, бархат санна кIеда, бIаьрхиш санна цIена, моз санна мерза, озийна тай санна нийса бара.
Кхузахь яло лаьа Хьасамбин «Хьеший» дийцара тIера цхьа йоцца кийсиг:
«Хецца реманца лелаш, шен бIаьрг тIехIоьттина и дин хIинца кхин а бIаьрла байра Зоврина. Буьззина кечбина бара иза: бакъонца дирстий, мулгIий, тIонний тесна, гуьржийн нуьйрахь, нуьйрах йихкина дато кхаж болу, кхожана дашо хи диллина шед а йолуш, гIонжагIе верта а дихкина, тIаьхьашха гуьржийн таьлсаш а оьхкина.
– Хьо хьайн деций-ненаций дика хиларна совгIатна хIара дин ло-кх ас хьуна, – аьлла къевллина Зовра мара а воьллина, шен хьешийн некъ дика бира эло».
Оцу доццачу къамело а гойту автор нохчийн оьзда гIиллакхаш, ламасташ, хьал долу ненан мотт безаш а, кIорггера бевзаш а хилар, иза бийцаран шен кеп хилар.
«МаргIале хатта» цIе йолуш араяьллачу Хь.Яхъяевн дийцарийн, очеркийн, статьийн гулара «Тера хила цагIертарг» цIе йолуш ша яздинчу хьалхарчу дашехь Нохчийн Республикин халкъан яздархочо Бексултанов Мусас яздо Хьасамбис шен произведенешкахь буьйцучу маттах лаьцна: «Нохчийчохь дуьххьара шен къаьсттина мотт болу прозаик Окуев Шима ву-кх аьлла моттаделира суна цкъа, цуьнан «Лай тIера цIен зезагаш» роман ешча. Бакаров Мусан «Зеламхех дийцарш» киншка ешшалц…
Шен-шен мотт болуш и шиъ бен вацара хIинццалц ас вешначу прозаикех…
Дукха шераш дIа девлира цул тIаьхьа, ишттачу маттах сакъерадала яздархо суна ца гуш, яздаран говзаллаш евзаш берш хиллехь а…
Маттал ницкъ болуш хIума хилла а дац, матто санна, адаман сина, дагна, кхетамна тIеIаткъам бина. И ницкъ – меттан ницкъ – Яхъяев Хьасамбигахь карий суна хIинца кхозлагIа сайн дахарехь. Хьасамбин мотт хазбина, тобина, нисбина буьйцуш а боцуш, ша Дала ма-кхоллара, нохчашна Дала ма-баллара хезаш бу сан лерехь, оьш-оьшу дош а, дешан ницкъ а, чулацам а, дешан маьIна а, дахар а хезаш. Хьасамбин дашца васташ ду, хан а ю, Iалам а, ша ма-дарра чолхе долу ойланийн дахар». Оцу дешнашца М.Бексултановс хьакъ боллу мах хадабо цуьнан кхоллараллин.
ТIаьххьарлерчу шерашкахь Хьасамби алсам язъян волавелира проблемни, публицистически статьяш. Амма цуьнца цхьаьна иза исбаьхьаллин кхолларалле кхийдар тIеттIа алсамдолуш дара. ТIейогIучу ханна яккхий планаш а яра. Халахеташ делахь а, цунна доьгIна ца хиллера зорбатоьхна арахецна йолу шен кхоллараллин хьалхара книга ган. Хьасамби кхелхинчул тIаьхьа араелира цуьнан «МаргIале хатта» цIе йолу гулар. Иза ешархоша лаккхара мах хадош, езаш тIе а ийцира. Гуларна юкъаяхара «Белхарехь лела велар», «МаргIале хатта», «Iин тIехь дин», «Захалш», кхидерш а, «Муслим» шен денден ахцIархо» очерк, «Синкъерам а, сискал а» статья, кхиерш а.
Шен кхоллараллин балхахь кхочушдан дагалаьцна дукха гIуллакхаш дара Хьасамбин. Амма Делан кхиэлана хьалха гIорасиз ву-кх стаг. Йиша-вешех, шен доьзалх Iехавелла, царех воккхавеш, уггаре веха хан йолуш дIавелира Хьасамби. Йисина, Хьасамби ша ма-хиллара, оьзда цуьнан берийн нана Зайнаъ. Дегий, неней хьаьжна, оьзда, гIиллакх долуш ву цушиннан кхо кIант Аслан, Мохьмад, Салман, йоI Зарема. Кхуьуш ду берийн бераш. Дахарехь а, дешарехь а, балхахь а дика ларош, доьзалехь а, юьртахь а сий-ларам болуш бу и боккха доьзал. Хьасамби ша а кхиънера боккхачу, бертахьчу доьзалехь. Цуьнан пхи ваша а, шиъ йиша а яра.
Шайн доьзалан воккхачун декхар, жоьпалла шена тIеэцна, и атта доцу дукъ сийлаллица дIакхоьхьуш вара Хьасамби. Юьртан юкъара гIуллакх дохьуш, я цхьа дика-вуон хилча, Хьасамбих дагабовла хийлазза богIура цул ханна дуккха а баккхий болу юьртахой. Царна кхетам бала, динчу хаттарна жоп дала гуттар а кийча хуьлура Хьасамби, иза дала кхетам а бара цуьнан. Цунна резахуьлий юхабоьлхура уьш. Иштта вара Хьасамби. Цунна гергара дара юьртан, мехкан юкъара гIуллакх. Цунах ша жоьпаллехь а хетара цунна.
Массаьрца а цхьабосса кIеда-мерза а, гIиллакхе а вара иза. Накъосташна, доттагIашна, гуонаха болчарна ша везийта, ша гергара хетийта хаьара. Нагахь санна шен накъосташка цо забар йинехь, иза долуш дара цуьнца, иза цкъа а ца хуьлура стагана халахоьтуьйтуш, массеран а самукъадоккхуш хуьлура. Массара а «ма оьзда стаг ву иза», олура. Ван а вара оьзда а, гIиллакхе а, мерза а. Осалниг, нийса доцург ца дезара.
Шен дахаран 58-чу шарчохь бакъ дуьнена вирзира Яхъяев Хьасамби, похIме яздархо, говза журналист.
Яхъяев Хьасамби 1950-чу шеран 26-чу августехь Юккъерчу Азехь вина. Дийшира Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетан филологин факультетехь.
Белхаш бира районан газетехь, Нохч-ГIалгIайн книжни издательствехь. 1973–1976-чуй, 1980–1984-чуй шерашкахь «Ленинан некъ» («Даймохк») газетан шен корреспондент лаьттира. 2006-чу шарахь дуьйна юха а газетан корреспондент волуш болх беш вара Хьасамби. Къоначарна дика хьехамча а, шеца балхахь болчарна дика накъост а вара иза.
Магомаев Салавди
№ 65, п1ераска, 12 июнь, 2015 шо